Чиллин (февраль) беттан 6-чу дийнахь пхи шо кхаьчна Нохчийчохь «Турпалхой» проект йукъайаьккхина.

Оцу проектан дакъалацархоша зорбатуху республикехь тIемаш болчу хенахь террористийн карах кхелхинчу нуьцкъаллин структурийн белхахойн, динан а, йукъараллин а гIуллакххойн, дешаран белхахойн, пачхьалкхан а, муниципальни а, культурин а гIуллакххойн, журналистийн хьокъехь йолу посташ.
ХIора а очерк зорбатуху шуьйра йевзачу социальни сеташкахь.
Нохчийн халкъан бакъонаш а, маршо а ларйеш дIабаьхьначу луьрачу къийсамехь террористийн карах кхелхинчу турпалхойн хьуьнарийн, майраллин стогаллин хьокъехь дуьйцуш йолу эзарнаш публикацеш йина социальни сеташкахь.
Царах дукхахйерш Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана бинчу кхайкхамашна а, динчу дIахьедаршна а лерина йу.
«Турпалхой» проектан куьйгалхочо Абдулвагапов Жабраила аьлла ма-хиллара, и проект йукъайаккхаран коьрта Iалашо йара Ахьмад-Хьаьжин некъан гIолацар, оцу некъа тIехь къахьоьгучеран, оцу некъа тIехь шайн дахар дIаделлачеран цIераш халкъан иэсехь йисийтарна йукъа хазна йиллар.
Оцу проектан уггаре а хьалха гIолаьцначарах ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, ткъа иштта республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад, кегийрхойн гIуллакхийн министр Ибрагимов Iийса.
«Ма-дарра дийцича, тхоьга хIумма а даделла хир дацара Кадыров Рамзана тхуна оьшуш долу хьелаш а, паргIато а ца кхоьллинехь. Цуо уьш кхоллар бахьанехь тхан аьтто баьлла иттаннаш подпроекташ кхочушйан. Делахь а, тхан коьрта болх бу халкъан маршонан а, паргIатонан а дуьхьа шайн дахар дIаделла турпалхой бовзийтар. Йукъара аьлча, оха йерриге а соцсеташкахь зорбатоьхна 7 000 сов пост, «Инстаграмехь» тхан 150 000 сов подписчик ву. Цигахь зорбатоьхна 2 284 пост. Царах 858 публикаци турпалхошна лерина йу. Иштта, 1 300 публикаци йу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а лерина», – бохура Ж.Абдулвагаповс.
Царна оцу балха тIехь доккха гIо-накъосталла до Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан йукъараллин фондо, МВД-н, Росгвардин Нохчийчохь йолчу урхалло, кхечара.
Церан гIоьнца Соьлжа-ГIалахь «Турпалхойн беш», «Турпалхойн аллей» йина, кхин гIуллакхаш дина.
Кхул тIаьхьа а иштта хьуьнаре къахьега дагахь бу «Турпалхой» проектан дакъалацархой.
Д.АНАДЕВ
№9, чиллин (февраль) беттан 5-гӀа де