ММА-н дуьненан чемпионатехь нохчаша цхьаъ дашо а, цхьаъ дато а мидал йаьккхина

Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкарчу Абу-Даби шахьарахь дIайаьхьира ММА-хула дуьненан чемпионат.

Россин вовшахтоьхначу команди йукъахь цигахь дакъалецира Нохчийн Республикерчу спортсменаша а.

Иштта, цигахь дакъалоцуш вара дуьненан 56 пачхьалкхера 421 латархо.

Ирачу къовсамехь дIадаьхьначу латаршкахь шен категорехь хиллачу берриге а спортсменашна тIехь толам а баьккхина, дашо мидал йаьккхира Амаев Ахьмада (57 кг).

ШолгIа меттиг а, дато мидал а йаьккхира вайн шолгIачу махкахочо Кушагов Шамхана (77 кг).

Нохчийн ийначу латарийн школин бIаьрла кхиам а, нохчийн халкъана боккха йуьхькIам а бу иза.

Билгалдаккха деза Россин вовшахтоьхначу командо оцу чемпионатехь командашна йукъахь хьалхара меттиг йаьккхина хилар.

Россерчу спортсменаша йаьккхинарг йерриге а 38 мидал йу, царах 18 мидал дашо йу.

Хь.САЙДАЕВ
№9, чиллин (февраль) беттан 5-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: