Моз санна мерза бу…

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн меттан де дIакхайкхоран хьокъехь» долу указ арадаьккхина 15 шо кхочуш хиларна лерина республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а, Нохчийчоьнан «Даймохк» газетан редакцис а цхьаьна дIахьочу гIуллакхийн гурашкахь хIокху деношкахь беркате цхьаьнакхетар хилира Устрада-ГIаларчу коьртачу библиотекехь.

Цигахь дакъалецира «Даймохк» газетан коьртачу редактора Б.Шамсудиновс, журналисташ кечбаран а, йуха кечбаран а туьшан директора Хь.Юнусовс, Нохчийн Республикин халкъан йаздархочо С.Дакаевс, «Устрада-ГIалин цхьаьнатоьхначу библиотекийн система» муниципальни казенни учрежденин директора I.Абумуслимовс, ткъа иштта, хIокху шахьарарчу номер 13 йолчу гимназерчу нохчийн меттан хьехархочо Т.Валиевас, цуьнан дешархоша.

ТIаьхьарчу пхийтта шарахь нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а, марзбарехь а, къоначарна йукъахь баржорехь а деш долчу гIуллакхех, Кадыров Рамзанан указах даьллачу доккхачу беркатах лаьцна къамелаш дира цхьаьнакхетарехь. Дийцира оцу декъехь кхул тIаьхьа дан леринчух лаьцна.

Дешархоша а, поэташа С.Дакаевс а, Б.Шамсудиновс а байташ йешаро къаьсттина дог-ойла гIаттийра кхузахь вовшахкхеттачеран.

№9, чиллин (февраль) беттан 5-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: