ХIокху шарахь 42 школа тойийр йу

Федеральни программа кхочуш а йеш, карарчу шарахь Нохчийчуьрчу йукъарадешаран 42 школа кхоччуш тойийр йу. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Дааев Хож-Баудис.

«Россин Федерацин серлонан министерствехь конкурсан буха тIехь дIадаьхьира хIокху шарахь тойийр йолу школаш къастор. Оцу конкурсан жамIашца оха куьйгаш таIийна Нохчийчуьра 42 школа кхоччуш (капитальни) тойаран хьокъехь болчу бартана. Россин Президентан протоколан тIедилларца йеккъа цхьаъ бен йоцу заказчик йу Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министерство. Цул сов, оха билгалйаьхна материально-техникин бух карлабаккхаре хьашто йолу школаш. Кхузахь къамел ду керла оргтехника а, инвентарь а эцаран хьокъехь, ткъа иштта кир-басар даран, тойаран кегий белхаш дIабахьаран хьокъехь. Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан йукъараллин фондан чоьтах и гIуллакхаш карара шо чекхдалале чекхдаха дагахь ду тхо», – элира министра.

Иштта, цо билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн республикин дешаран а, Iилманан а министерствон куьйгалхой йуьххьехь дуьйна билгалдеш бара герггарчу шина шарахь 80 школа кхоччуш тойан.

Россин Серлонан министерствехь барт хилла тойан лерина школаш алсамйаха а, уьш пачхьалкхан программи йуккъе йахийта а.

«Оха вайн кIоштийн администрацийн куьйгалхошка дехна 2023–2024-чуй шерийн программашкахь дакъалацийтархьама кхечу школашна а проектийн-сметийн документаци кечйар, хIунда аьлча, тойан йезаш кхин а школаш йу вайн. Карарчу шарахь билгалдеш ду 42 школина реконструкци йар, кхин а 38 школина реконструкци йан йезар йу 2023-чу шарахь. Оха дехар динчул тIаьхьа Россин Серлонан министерствехь тхан дехарна жоп делла, цигарнаш резахилла программи йуккъе керла объекташ йахийта. Цундела оха дIадолийна меттигерчу Iедалца цхьаьна ширйелла школаш билгалйахар а, уьш тойарна, царна реконструкци йарна оьшу проектийн-сметийн документаци кечйар а», – дерзийра министра.

Школаш тойаран белхаш дIаболорна тахханехь кечамаш бу беш. Ткъа белхаш хIутосург (май) баттахь дIаболор бу.

Д.АЛЬВИЕВ
№9, чиллин (февраль) беттан 5-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: