Шелахойн ТIелхиг

ТIелхиг йуьхьанца Йоккхачу Нохчийчоьнан цхьана декъан наиб вара. Иза оцу дарже хIоттийнера 1845-чу шеран мангалан (июль) баттахь, М.Воронцовс куьйгалла дечу паччахьан эскарна тIаьхьаваьлла воьдучу хенахь, СуIайб вийначул тIаьхьа.

ТIелхиг майра, доьналла, стогалла йолуш бIобаьчча вара. Къона волуш а къаьсташ вара иза мостагIчуьнца тIом барехь дагахь доццург деш а, йукъадалош а. Ламанхоша пайдаоьцуш хилла йолу баьржинчу могIанан тIеман тактика чIогIа карайирзинера цунна. Шемала лаккхара мах хадабора цуьнан тIеман говзаллин. Шайл дуккха а алсам долчу, дика Iамийна долчу мостагIчун эскарна дуьхьал лаьмнашкахь тIом баран говза стратег а, тактик а вара ТIелхиг.

Европехь а уггаре а тоьлла долчу Россин эскарна дуьхьал тIом барехь цуо и ган а гайтира. Имаматехь эскаран керла дакъа – артиллери дуьххьара вовшахтоьхначарах цхьаъ вара ТIелхиг. Бакъволу артиллерист вара иза.

Дуьххьара цуо йукъайехира «кхерсташ лела» («кочующие») батарейш. Цара, дийнахь а, буьйсанна а, сийна цIе латтайора оьрсийн эскаршна йукъахь. Иза бакъонца Имаматан артиллерин хьаькам лоруш вара.

1854-чу шарахь имам Шемале а, Имаматан Пачхьалкхан Советан декъашхошка а йаздинчу кехатехь ТIелхига хаам бора ша Россин милицин тобанца хиллачу тIамехь йаккхийчу тоьпех пайдаэцна хиларан а, царна тIехь толам баьккхина хиларан а хьокъехь.

Цуо йаздора: «… Тхо мостагIашна тIеIиттаделира Нохчийчоьнан аренца. Тхуна йукъахь луьра тIом хилира. Малх буззалц лаьттира иза. Уьш къарбан а, царна тIехь толам баккха а тхайн ницкъ ца кхаьчча, ас адамаш дахийтира йоккха топ схьайан. Бахийтинарш сихха схьакхечира. ТIаккха оха царна йоккха топ йетта йолийра, уьш, гIелбелла, кIелабиссалц. Шаьш эшча, цара дехарш дан долийра шаьш, ца дойъуш, дIадахийтахьара, йерриге а хIонц дIалур йара, бохуш… Тхо царна чухьаьвдира, цаьрца тIом бира. Ас АллахIаца чIагIо ма йо, царах цхьа а кIелхьара ма ца велира: йа вийра, йа йийсар вира».

1845-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Салатаверчу Алман йуьртахь хиллачу Имаматан гуламехь наиб волу ТIелхиг Йоккхачу Нохчийчоьнан мудир хIоттийра.

1852-чу шарахь мудирийн даржаш йукъара дIадаьхча, ТIелхиг Йоккхачу Нохчийчоьнан наиб вара. 1846-чу шарахь Йоккха Нохчийчоь кхаа наибалле йийкъира – Соьлжан, Мичиган, Органан – ТIелхиг Органан наибаллина коьрте хIоьттира, Сиржа-КIотарахь а Iаш.

Цу хьокъехь тоьшалла до дуккха а документаша. Масала, Шемала наибашка ТIелхиге, Эскига, Хатига, Гайрбеке йаздинчу кехато.

Цу тIехь имама цаьрга доьхура шайн наибаллашкахь къепе хилийтар, бахархошка шариIатан бехкамаш ларбайтар.

1839-чу шарера 1854-чу шаре кхаччалц Шемалан кIант Жамалудин (Жамалди) Россехь долчу Iедало амалтана цигахь латтош вара.

Цигара цIавеанчул тIаьхьа, Шемала цунна ТIелхиган йоI йалийра, иза йалорца ТIелхигца долу гергарло чIагIдан а, нохчий шена муьтIахь бан а лууш.

Делахь а, Жамалудин нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ къобалдеш вацара. Цундела шен децIа йахча, иза йуьтуш тIаьхьа кехат дахьийтира цуо шен ден Шемалан цIарах. Иза хиъча, имама шен кIанте хIумма а ца элира.

Шемалан тешаме гIоьнча вара Нохчийчохь ТIелхиг. Нохчийчохь цIейаххана волу наиб коьртехь а волуш паччахьан эскаршна дуьхьал бинчу дуккха а тIемашкахь толамаш баьхнера ТIелхиг коьртехь волчу бIонаша. Амма хьекъале тактик а, стратег а волчу цунна гуш дара Имаматан эскаран ницкъ тIеттIа оьшуш хилар, бахархошна тIом кIордийна хилар.

ТIелхиган цIе дика йевзаш йара паччахьан эскаран командованина а. Девзара цуьнан хьуьнар, доьналла, майралла. Цуьнга къайлаха дехарш дохкуьйтура оьрсашкахьа дехьавалар доьхуш. Амма цо тIе ца лоцура церан цхьа а дехар. Нохчийчоь а, Дагестан а паргIатйаккхалц ша тIом бийр бу бохура цуо.

Делахь а, ХIХ-чу бIешеран 50-чу шерийн йуьххьехь дуьйна Имамат Нохчийчуьра йухайолуш йара. Оцу хьелашкахь къаьсттина чIогIа ницкъ хуьлура ТIелхигна.

1852-чу шеран Iай коьртехь Барятинский хиллачу паччахьан эскарша хIаллакйира Хулхало хица йолу Эвтара а, Гелдаган а йарташ. Ткъа кхолламан (январь) беттан 10-чу дийнахь паччахьан эскарша дIадолийра Орга а, Жалкх а хишна йукъахь йолу нохчийн йарташ йохор, йагор. Оцу беттан шолгIачу декъехь Рошни а, ГIой а хишца йолу нохчийн йарташ йохийра.

Имам, ведда, шен бIоца Дагестане дIаваханчул тIаьхьа, беккъа цхьа нохчий бен бацара паччахьан эскарца паргIатонехьа къийсам дIахьош. Церан ницкъ ца кхочура адамашна гина йоцчу къизаллица нохчийн йарташ йагош, хьаннаш хьоькхуш, маьрша нах бойъуш долу паччахьан даккхий эскарш совцо.

1852-чу шеран кхолламан (январь) баттера бекарг (март) бутт чекхбаллалц йолчу йукъана Барятинскийс Нохчийчуьра иттаннаш йарташ а, кIотарш а йагийра, чIана йехира.

Бекарг (март) беттан 27-чу дийнахь йохийна дIайаьккхира ТIелхиган йурт а. Наибан ницкъ кхечира, эскаршна кара ца воьдуш, кIелхьаравала. Амма цуьнан бахам а, мухIар а эскаршна карадахара. Цу хьокъехь М.Воронцовс воккхаверца хаам бира А.Ермоловга. Иштта, паччахьан эскарна карайахара ТIелхиган бIонан йоккха ши топ а.

Делахь а, 1859-гIа шо тIекхаччалц ТIелхига, шен ницкъ ма-кхоччу, дуьхьало йира паччахьан эскаршна.

КхидIа тIом бар а, нохчий хIаллакбайтар а, йарташ йагайайтар а цхьана а маьIне а ца хетта, паччахьан эскарна дуьхьал тIом бар сацийра цо…

ТIелхиг Шелахь дIавоьллина ву.

Ю.ДАДАЕВ, историк
Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ

№9, чиллин (февраль) беттан 5-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: