Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн къоман театран актераша театрйезархошна чиллин (февраль) баттахь гайта вовшахтоьхначу спектаклийн репертуар иштта йу: 1) Чиллин беттан 8-чу дийнахь 15:00 сахьт а, 18:00 сахьт а даьлча оьрсийн режиссера-хIотторхочо Горник Дмитрийс оьрсийн маттахь хIоттийна «Ночной переполох» спектакль гойтур йу; 2) Чиллин беттан 9-чу дийнахь 15:00 сахьт даьлча гайта лерина йу режиссера-хIотторхочо Хакишев Руслана сценари йазйина «Ворда хаьрцича – некъ карийна» спектакль; 3) Чиллин беттан 11-чу дийнахь 15:00 сахьт а, 18:00 сахьт а даьлча гайта лерина йу йаздархочун Ахмадов Мусан «Ша тIехь йина гIала» самукъане спектакль; 4) Чиллин беттан 14-чу дийнахь 11:00 сахьт а, 14:00 сахьт а даьлча, 15-чу дийнахь а оццу хенахь йаздархочун Ахмадов Мусан «Бигалдин леламаш» туьйранан жанрехь спектакль гойтур йу; 5) Чиллин беттан 16-чу а, 17-чу деношкахь а 15:00 сахьт даьлча – Сийлахь-боккхачу Даймехкан тӀамехь толам баьккхина 76 шо кхачарна лерина драматурган Михайлов Олеган пьеси тIехь, театран режиссера, директора Ахмадова Хьавас сценари йазйина «Лаьмнашка – хьуна тӀаьхьа» спектакль; 6) Чиллин беттан 26-чу дийнахь 17:00 сахьт даьлча а, 28-чу дийнахь 15:00 сахьт даьлча а гойтур йу поэта Исмаилов Абус нохчийн матте гочйина, артисташа Вахидов Бай-Iелас а, Азаев Хьамида а сценин хотIехь дIанисйина, режиссера-хIотторхIочо Ковальчук Владимира хIоттийна Шекспиран «Отелло» спектакль.

М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь чиллин баттахь гайта лерина спектаклаш: 1) Чиллин беттан 8-чу а, 9-чу а деношкахь 14:00 сахьт даьлча оьрсийн поэтан Лермонтов Михаилан «Герой нашего времени» пьеси тIехь хIоттийна «Бэла» спектакль гойтур йу; 2) Чиллин беттан 11-чу дийнахь 18:30 сахьт даьлча – Вампилов Александран пьеси тIехь режиссера-хIотторхочо Сафонов Павла сценари йазйина «Ваккхах волу кIант» спектакль; 3) Чиллин беттан 14-чу дийнахь 14:00 сахьт даьлча – Ахмадов Iумаран пьеси тIехь Темишев Султана хIоттийна «Хилаза ца ваьлла хилла шайх»; 4) Чиллин беттан 16-чу дийнахь а, 23-чу дийнахь а 14:00 сахьт даьлча Ахмадов Мусан пьеси тIехь хIоттийна «Берзалой» спектакль гойтур йу; 5) Чиллин беттан 19-чу дийнахь 15:00 сахьт даьлча гойтур йу Нунуев Сайд-Хьамзатан пьеси тIехь режиссера-хIотторхочо Хамзатов Ахьмада сценари йазйина «Борз-Iелин цIаверзар» спектакль.
Нохчийн Республикин къоначу хьажархочун театран чиллин баттахь гайта билгалйаьхна спектаклаш: 1) Чиллин беттан 10-чохь а, 12-чохь а 14:00 сахьт даьлча – Нохчийн Республикин хьакъйолчу артисткас Муртазалиева Асета хIоттийна оьрсийн поэтан Пушкин Александран «Сказка о царе Салтане» туьйра; 2) Чиллин беттан 17-чохь а, 19-чохь а 14:00 сахьт даьлча – Муртазалиева Асета сценари йазйина, Ахмадов Мусан «Цаьпцалгийн гIаттам» туьйра; 3) Чиллин беттан 24-чу а, 26-чу а деношкахь автора, режиссера-хIотторхочо Муртазалиева Асета хIоттийна «Аминбек» туьйра гойтур ду.
ВЕГИЕВА Макка
№9, чиллин (февраль) беттан 5-гӀа де