«Къона говзанчаш (WorldSkils Russia)» регионан VII-гIа чемпионат дIайолайелла

Нохчийн пачхьалкхан колледжехь даздаран хьолехь дӀайолийна «Къона говзанчаш (WorldSkils Russia)» регионан VII-гIа чемпионат.

Иза схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран хьалхарчу заместитела Сатуев Бекхана.

Чемпионатан дакъалацархошка а, эксперташка а, волонтерашка а, хьешашка а маршалла хоттуш, къамел дира хьешо.

Даздаран декъехь Нохчийн пачхьалкхан колледжан студенташа шаьш кечйина концертан программа гайтира.

Къоман «Дешар» федеральни проектан гурашкахь кхочушъеш йу «Къона говзанчаш» регионан проект.

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствос вовшахтухуш йу иза.

«Къона говзанчаш» WorldSkills – иза Дуьненайукъара болам бу. Цуьнан Iалашо йу белхан говзаллийн сий лакхадаккхар а, студентийн корматаллин дешаре безам кхоллар а.

«Къона говзанчаш» чемпионато белхалойн корматаллин сий лакхадаьккхина ца Iаш, говзанчаш ца тоьаш йолу меттигаш билгалйахарехь а доккха дакъалоцу. Профильни СУЗ-на йа дешаран кхечу заведенешна йукъахь гергарло таса некъаш а досту.

Техникин говзаллаш даима а оьшуш йу мехкан экономика а, промышленность а кхиорехь. Цундела мехала ду хӀокху тайпа проекташ кхочушйар.

Карладаккха лаьа «Къона говзанчаш (WorldSkills)» Дуьненайукъарчу боламехь Нохчийн Республико 2016-чу шарахь дуьйна жигара дакъалоцуш хилар.

Чиллин (февраль) беттан 1–4-чуй деношкахь чемпионатан дакъалацархойн шайн корматаллин хьуьнарш 11 декъехула зен дийзира.

Регионан муьрехь тоьллачу конкурсанташа Йерригроссин чемпионатехь дакъалоцур ду.

№9, чиллин (февраль) беттан 5-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: