Республикера оперативни хьал

Наркотикашца къийсам дIахьо

Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон наркотикашна тIехь терго латторан урхаллин белхахоша, «Терго» цIе йолу оперативни-лахаран мероприяти дIахьош, сацийна 1991-чу шарахь вина волу Соьлжа-ГӀалин вахархо.

Таллам дIахьош, цуьнгахь кара а йина, схьайаьккхина ораматех схьайалар долу, таьIна-баьццарчу басахь, аьтта йолу, кIомалан шатайпа хьожа йолу наркотик.

Схьайаьккина наркотик 30–40 грамм йу.

Вахархочо дийцарехь, цо и шена пайдаоьцуш лелош хилла. Цунна тIедиллина полицин отделе вар. Цо динчу зуламан Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьян 2-чу декъехь («Законехь доцуш наркотикаш а, корта бахош йолу хIуманаш а, царах терра кхийолу хIуманаш а, йохк-эцар, лелор, дIасайахьар а, йар а, кечйар а») билгалдаьккхинчу зуламан билгалонаш йу.

Схьайаьккхина наркотик таллам бан дIайахьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Экспертийн-криминалистикин туьше. ДIахьош бу таллам.

Бехке лерина, вехна а волуш, машенна урхалла дарна

Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Шелковски кIоштахь йолчу полицин отделан белхахоша, оперативни-профилактикин гIуллакх кхочушдечу хенахь, 1988-чу шарахь вина волчу Невран кӀоштарчу вахархочо урхалла деш йолу «Хундай-Акцент» машен сацийра.

Кехаташ толлучу хенахь къаьркъанан хьожа йар бахьана долуш, цунна тIедиллира медицинин тоьшаллах чекхвалар, амма иза реза ца хилира и дан.

Хаамийн базехь талламаш бича гучудаьлла иза 2016-чу шарахь, вехна а волуш, машенна урхалла дар бахьана долуш, КоАП РФ-н 2-чу декъан 12.26 статьяца жоьпе озийна хилар — цуьнан 18 баттахь машен лело бакъо цахилар, иштта цунна 30 эзар сом гӀуда тоьхна хилар.

Россин Федерацин Уголовни Кодексан 264.1 статьяца нийса а догIуш, иза бехке лерина зулам дарна.

Къола дарна мукIарло дина

ХIокху деношкахь Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Курчалойн кӀоштан полицин отделе, шен бехкана къера а хилла, тIевеана 1978-чу шарахь вина волу Курчалой гIалин вахархо.

Цо даре дина карарчу шеран кхолламан (январь) беттан деношкахь токаца буру хьовзоран чарх ша лачкъийна хиларх.

Цунна тIедиллина полицин отделе вар. Оцу гIуллакхан хьокъехь таллам бу дIахьош.

А.КАНТАЕВ
№9, чиллин (февраль) беттан 5-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: