Карарчу шарахь 112 шо кхочу иза дуьнен чу ваьлла. Амма иза ваха-м ца ваьхна оцу хенан кхоалгIачу декъе кхаччалц а… 33 шо хилла Советийн Союзан Турпалхочун Магомед-Мирзоев Хаваж-Баудин Украинерчу Днепр хин йистошца кхихкинчу буьрсачу тIамехь шен къона дахар, бIаьрнегIар ца тухуш, Даймехкан дуьхьа цо дIалуш.

МостагIех леташ, чевнаш хиллачул тIаьхьа а, тIамна йукъара ца волуш, бIаьхаллин хьуьнар, доьналла, майралла гойтуш, фашисташ хIаллакбеш, вайн махкахо кхин цкъа а ца гIатта турпала воьжна кхо бутт баьлча, СССР-н Лаккхарчу Советан Президиуман Указаца 1944-чу шеран кхолламан (январь) беттан 15-чу дийнахь йелла Хаваж-Баудина Советийн Союзан Турпалхочун сийлахь цIе.
Ца лен волчу сийлалле гIулч йоккхуш воьжна ЦIечу Эскаран бIаьхьо, нохчийн йахь йолу кIант, Даймехкан тешаме воI. Цундела халкъан иэсехь даха дисина цуьнан сирла васт.
Цуьнан майраллах дозалла дечу вайн махкахоша даьхна иллеш ду цунах лаьцна. Мехкарша турпалхочух йаьхна эшарш а кIезиг йац. Нохчийн халкъо цкъа а биц ца бо шен йахь йолу кIентий. Царах цхьаъ ву Хаваж-Бауди а.
Иза цкъа а дагахь ца хиллера тIемало хила. Шен нийсархой, ЦIечу Эскаран могIаршка дIахIитта сихбелла хьийзачу муьрехь а, цо дагца къобалйина хаьржинарг, доккхачу дуьненахь кхин хилча ца маггал, машаре корматалла йара.
ВорхI класс чекхйаьккхина, хьехархойн техникуме деша вахара Хаваж-Бауди. Кхиамца и техникум чекхйаьккхина, шен ворхIе да ваьхначу Олхазар-КIотара йухавирзира, йуьртара бераш Iамо.
Цунна чIогIа безара шен болх, кхин а дукхадезара хааршка кхийда бераш. Бер санна воккхавера иза дика доьшучу дешархочух, цуьнца йохьебохура классера кхиболу дешархой. ТIаккха цуьнан болх а дика дIабоьдура, Iамархойн а самукъадолура керлачу хаарийн къайленаш йастар шайн нисделча.
Iамархошна чIогIа дукхавезара шайн хьехархо. Ледара деша цунах эхь а хетара царна. Шайн хьехархочух масал а оьцул, Iилманийн лакхене кхийдара Олхазар-КIотарара кегийрхой.
Амма, дерриге а хьаьшна дIаьдаьккхира 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь немцойн фашисташ йамартлонца СССР-на тIелатаро — дIаболабелира Сийлахь-боккха Даймехкан тIом.
ТIаме дIавахара Магомед-Мирзоев Хаваж-Бауди а. ТIекхуьу чкъор кхетош-кхион йуьртахь кхин стаг вац аьлла, цIахь саца бакъо йолуш вара иза. Амма вайн турпалхо царах вацара. Бакъволчу нохчичун йахь йолу дог дара цуьнан кийрахь детталуш — иза шен лаамехь дIавахара фронте.
БIаьхаллин хьалхара гIулчаш ЦIечу Эскаран Брянски фронтан дакъошкахь йаьхна вайн махкахочо. СССР-н коьртачу шахьарна Москвана тIегIерта фашисташ йухатохаран йозалла шена тIелаьцначарах цхьаъ йу и фронт, шен коьртехь маршал Еременко Андрей Иванович а волуш.
Эхашарахь гергга кхихкина Москвана уллехь буьрса тIемаш. Оцу тIемашкахь дакъалаьцначарах цхьаъ ву Хаваж-Бауди.
ТIаьхьа, инарла-полковник Кузнецов Федор Исидорович куьйгаллехь хиллачу Центральни фронте кхочу вайн махкахо — цунна йукъахь хиллачу гвардин 6-чу дошлойн дивизин, гвардин 60-чу дошлойн полкан, 3-чу эскадронан лакхара сержант, 1-чу взводан командиран гIоьнча хилла гвардин лаккхара сержант Магомед-Мирзоев Хаваж-Бауди.
1943-чу шеран аьхкенан чаккхенехь вайн махкахочо жигара дакъалаьцна Днепр хин йистошкара немцой лохкуш. Шайн куьйга бурам (плот) бина, ша командир волчу взводан бIаьхошца цхьаьна, 1943-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 24-чу дийнахь, маьркIажан бода къовлабеллачул тIаьхьа, хаддаза тIедетташ мостагIчун герз долуш, Днепр хих дехьаваьлла, пулемет йетташ, фашистийн арданг эккхийна, Днепр хих Припять цIе йолу жима хи дIакхетачу меттехь тIебогIучу тIеман накъосташна дIатарбала меттиг (плацдарм) кечйинарг вайн махкахо ву.
Днепр хин дохалла, фашистех цуьнан бердаш дIацIандеш, 1943-чу шеран товбецан баттахь ЦIечу Эскаран бIаьхоша йинарг йерриге а 23 плацдарм йу. Царах цхьаъ вайн махкахочо, нохчийн турпалчу кIанта Хаваж-Баудис йина. И тайпа бIаьхаллин хьуьнарш гайтина цо.
Полкан командира майора Горлатовс йаздо: «Днепр хин аьтту агIор Iуьллу Галки йурт фашисташкара схьайоккхуш бинчу тIемашкахь 1943-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 19-чу дийнахь гвардин лаккхара сержант Магомед-Мирзоев Галки йуьртан малхбузехьа йолчу агIор цIеххьана атаке чухьадар бахьанехь гечодаьлла, боьхна хьаьвзинчу немцошна ондда тохар дан вайн бIаьхоша. Ша цхьамма сержанта хIаллаквина немцойн 21 салти а, 3 эпсар а. Цундела, иза хьакъ ву «ЦIечу Седанан Орденца» совгIат дан».
Режиссераша Боголюбов Александра, Чеботарев Владимира оьрсийн йаздархочун, оцу тIеман дакъалацархочун Бондарев Юрийн повеста тIехь йаьккхинчу «Батальоны просят огня» фильме цкъа хьаьжначунна хуур ду цигахь мел буьрса тIом хилла.
1943-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 10-чу дийнахь Магомед-Мирзоев Хаваж-Бауди йукъахь хиллачу корпусан командира, гвардин инарла-майора Константиновс, вайн махкахочун доьналлах а, майраллах а хIара могIанаш йаздо: «Товбецан 28-чу дийнахь Магомед-Мирзоев Хаваж-Бауди Днепр хин йистошца Iуьллу Березна йурт фашисташкара схьайоккхуш, иллешкахь йуьйцучу кавказхойн майраллица, массарел хьалха йурта чу иккхина, пулемет йетташ, немцой хIаллакбина, тхан 2-чу эскадронна некъ баьккхина Березна йуьртана тIелата, толам баккха. Гвардин лакхара сержант Магомед-Мирзоев Хаваж-Бауди хьакъ ву Советийн Союзан лаккхара совгIат «Ленинан орден» а, «Дашочу Седанан» мидал а йала».
И кехаташ шена хьалха кхаьчча, фронтана коьртехь хиллачу Советийн Союзан маршала Рокоссовский Константин Константиновича тIе куьг йаздо царна, шегара кхин цхьа могIа тIе а тухуш, «Хьакъ ву Советийн Союзан Турпалхочун» сийлахь цIе йала».
Маршалан и лаам тIечIагIбо ТIеман Советан декъашхочо инарла-лейтенанта Телегин Константин Федоровича.
Бакъду, и кхаъ хаза доьгIна ца хиллера вайн турпалчу махкахочунна — Даймехкан сий лардеш, и вуьйжира 1943-чу шеран эсаран беттан 4-чу дийнахь Украинерчу Черниговн областерчу Льговка йурт фашистех паргIатйоккхуш.
Товбецан беттан 29-чу дийнахь чевнаш хиллера цунна. Лазартне дIакхачийнера иза тIеман накъосташа. Амма чевнийн йозалла лоьрийн дарба дан ницкъ кхочуш ца хиллера.
Иштта кхелхира нохчийн турпала кIант, тIейогIучу массо а ханна Даймехкан Турпалхо хилла вайн дегнашкахь ваха а вуьсуш.
Газиева Аза
№9, чиллин (февраль) беттан 5-гӀа де