Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Соьлжа-ГIаларчу аэропорто хIокху шарахь алсамйохуш йу Соьлжа-ГIалара Уфа, Казань, Астрахань, Дона-тIера-Ростов гIаланашка йеш йолу сибсидеш йина рейсаш. Оцу хьокъехь хаам бина вайн аэропортан пресс-службо.

«Йерриге а рейсаш, Казане йеш йерг йоцург, кхочушйийр йу «ЮТэйр» авиакомпанин кеманаша. Цуьнца доьзна дагадаийта лаьа «ЮТэйр» авиакомпанис Нохчийчуьра дIалелачу кеманийн рейсаш дикка алсамйаьхна хилар. Нагахь санна 2019-чу шарахь ши рейс бен йеш ца хиллехь, 2021-чу шарахь исс рейс йора оцу авиакомпанис. «Вайнахавиаца» бинчу йуьхьанцарчу бартаца билгалдеш ду рейсаш 13-га кхаччалц алсамйахар», – бохура ведомствехь.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу дуьненайукъарчу аэропортан куьйгалло иштта барт бина «Северсталь» авиакомпаница, цуо бекарг (март) беттан 26-чу дийнахь «Соьлжа-ГIала – Череповец – Соьжа-ГIала» маршрутаца рейс йийр йолуш. ТIаьхьа оцу маршрутехула кест-кеста кеманаш лелийтар а ду билгалдеш.
Хь.САИДОВ
№10, чиллин (февраль) беттан 9-гӀа де