ГаланчӀожан кӀоштахь хир йолчу йартийн дозанаш къастор

МеттахӀотточу ГаланчӀожан кӀоштахь хир йолчу йартийн дозанаш къасторан болх бийцаре а беш, хьалхуо леррина цхьаьнакхетар дӀадаьхьира М.Хучиевс.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин архитектурин а, гӀаланаш йаран а пачхьалкхан комитетан председатела М.Гайрбековс а, Росреестран Нохчийн Республикехь йолчу Урхаллин куьйгалхочо Ӏ.Садулаевс а.

ХӀетахь республикин Премьер-министра хаийтира, герггарчу шерашкахь, цигахь иттех йурт «денйан» лерина хилар.

ДIадаханчу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 13-чохь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ЦӀеча-Аьхкахь дӀайаьхьначу кхеташонан протоколан (№01-23пп, 17.11.21) лехамашца дӀахьош болх бу иза.

Цу тӀехь билгалдаьккхина и болх чекхбаккха беза де а, дозанаш къасто дезаш йолу йарташ а.

Карарчу шеран асаран (июнь) беттан 30-гӀа де тIекхачале: ЦӀеча-Аьхк, Мержа, Ялхара, ЧӀармах, Хьайбах, ГаланчӀож, Аьккха, Кей, ТӀерла, Маьлхиста йартийн дозанаш къастийна хила дезаш ду.

Нохчийн Республикин архитектурин а, гӀаланаш йаран а пачхьалкхан комитетан председатель М.Гайрбеков а, Росреестран Нохчийн Республикехь йолчу Урхаллин куьйгалхо Ӏ.Садулаев а хӀинцале а кхаьчна Маьлхиста а, Пешха а, Нашха а, ГаланчӀожа а, Кей а, Аьккха а, Хьайбаха а.

Картографин сервисийн гӀоьнца шаьш ханна «хӀиттийна» дозанаш циггахь толлу цара, оьшуш болу хийцамаш а беш.

Кхузахь билгалдаккха догӀу, карарчу хенахь, оцу кӀоштахь некъаш дахаран а, ток йигаран а дакъошкахь къахьоьгуш говзанчаш хилар.

Иштта, кестта шайн болх дӀаболор бу цига газ йигаран говзанчаша а.

Тидаме эца: Нохчийн Республикин терминологин комиссин сацам хӀинца а цахиларе терра, лакхахь йалийначу йартийн цӀераш йазйаран кепаш нийса ца хила тарло

И.ХАСАХАНОВ
№10, чиллин (февраль) беттан 9-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: