Муниципалитетийн билгалонаш тӀеэцаран болх чекхбаьлла

ДIадаханчу шеран тӀаьххьарчу баттахь Нохчийн Республикин 7 муниципалитетан билгалонаш (герб а, байракх а) Россин Федерацин пачхьалкхан геральдикин регистре йаьхна аьлла, хаза кхаъ кхаьчна вайга.

Делахь-хIета, чекхбаьлла вайн республикехь муниципалитетийн билгалонаш хӀитторан а, тӀеэцаран а, тӀечӀагӀйаран а болх.

Лакхахь хьахийначу 7 муниципалитетан хьокъехь аьлча, уьш йу Шаройн, ИтонКхаьллан, ТӀехьа-Мартан, Эна-Хишкан, Веданан, Теркан, Гуьмсан кӀошташ.

Церан билгалонаш хӀокху номершца карор йу Россин Федерацин пачхьалкхан геральдикин регистрехь (1 – герб, 2 – байракх): Шаройн кӀ. (1 – №13759, 2 – №13760), Итон-Кхаьллан кӀ. (1 – №13753, 2 – №13754), ТӀехьа-Мартан кӀ. (1 – №13747, 2 – №13748), Эна-Хишкан кӀ. (1 – №13757, 2 – №13758), Веданан кӀ. (1 – №13749, 2 – №13750), Теркан кӀ. (1 – №13755, 2 – №13756), Гуьмсан кӀ. (1 – №13751, 2 – №13752).

КӀоштийн билгалонийн хьокъехь аьлча, Шаройн кӀоштан билгалонехь Шарара архитектурин а, историн а бӀаьвнийн комплекс а, лаьмнаш а, ширачу бӀаьвнашкара петроглиф а хилар билгалдаккха догӀу.

Итон-Кхаьллан кӀоштан билгалонехь нохчийн орнаментаца йогӀу хьаьвзина кӀозар а, ширачу бӀаьвнашкара петроглиф а йу.

ТӀехьа-Мартан кӀоштан билгалонехь Марта хи а, «Кавказ» некъ а, догъиркарахӀотторан седа а бу.

Эна-Хишкан кӀоштан билгалонехь меттигера 3 хи а, довха хи схьадаларан хьоста а ду.

Веданан кӀоштан билгалонехь нохчийн орнаментаца йогӀу билгало а, ши шаьлта а йу.

Теркан кӀоштан билгалонехь Терк хи а, нохчийн божарийн ширачу духаран бустамаш а бу.

Гуьмсан кӀоштан билгалонехь Гуьмсера а, БоргӀанера ши дукъ а, цӀерпоштан чкъург а, тӀемашкахь доьналла гайтинчу зударшна лерина туьйдарг а ду.

И.АДАМОВ
№10, чиллин (февраль) беттан 9-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: