Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенис пенси догIучеран ахчанаш 2022-чу шарахь тIекхетар бахьана долуш, тIекхеттачу ахчанца йухалерина, дIадала долийна чиллин (февраль) баттахь дуьйна.

Иштта, чиллин беттан пенсица цхьаьна дIаделла кхолламан (январь) баттахь тIекхета дезаш долу ахча а.
– ХIора керла шо долалуш, тIекхеташ ма-хиллара, пенсеш тIекхеттера массарна а. Цуьнан барам 5,9 процент бара. Амма Росстатан статистикица дуьстича, хIокху шарахь цхьана стагана баттахь хене вала оьшуш долчу ахчанна 8,4 процент тIекхетта. Цундела, керлачу законца нийса а догIуш, 8,6 процентана хьаладаьккхина пенсина тIетухуш долу ахча. Пенсина тIекхеташ дерг йуккъерчу барамехь 1 500 сом ду, – дийцира Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин Пенсеш а, социальни ахчанаш а дIадаларан организацийн отделан куьйгалхочо Магомадов Саламбека.
Пенсеш тIекхеташ ду болх беш боцчу пенсионерашна. Амма церан долуш долчу пенсин бараме хьажжина хир ду тIекхеташ долу ахча.
Масала, 2021-чу шарахь 11 487 сом пенси оьцуш хиллачарна тIекхетар ду 988 сом, кху шарахь церан пенси 12 475 сом хир ду, ткъа 18 626 сом пенси оьцуш хиллачарна тIекхеттарг 1 602 сом ду, церан пенсин барам 20 228 сом хир бу.
Билгалдаккха догIу, пенси тIекхеташ дара аьлла, цхьа а пенсионер цхьанхьа а ваха везаш а вац йа пенсионни фондехь керла регистраци йайта йезаш а вац.
Пенсионни фондехь, процент тIе а тухуш, йухадагардийр ду хIораннан а пенси.
ДУТУЕВА Макка
№10, чиллин (февраль) беттан 9-гӀа де