Иракъан халкъаца доттагIаллин йукъаметтигаш чIагIйан лууш ду вай

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «ВКонтакте» социальни сетехь йолчу шен агIонехь довзийтина Iаьрбийн мехкашкахь волу шен векал Даудов Турко Иракъ пачхьалкхе вахарх а, цигахь хиллачу цхьаьнакхетарех а шена хетарг.

«Оцу пачхьалкхе вахча, цуьнан цхьаьнакхетар хилла Иракъан Президентаца Бархам Салехьца. Соьгара салам-маршалла делла цуо Иракъан халкъан тхьамдане, цуьнга дIахаийтина ас цуьнан сий-ларам беш хилар. Вайна девзаш ду Иракъехь хилла, цуо лайна, зийна хьал. Нохчийн халкъ сагатдеш дара оцу мехкан кхолламна, боккхачу лазамца тIеоьцура цуо цигахь хуьлуш болу бохамаш. Бархам Салехьа нийса билгалдаьккхина иракъахой а, нохчий а Веза а, Сийлахь а волчу АллахIах тешаро цхьаьна боьзна ца Iаш, ткъа иштта, са чIогIа хиларо а, даккхийчу зерех къар ца луш чекхбевлла хиларо а цхьаьна бузуш хилар. Цул сов, вай цхьаьнатуху дуьненайукъарчу терроризмана тIехь толам баккхаро а. Даудов Туркоца хиллачу цхьаьнакхетарехь Бархам Салехьа вайн халкъ декъалдина Нохчийн Республикехь машар барца, къепе, закон меттахIотторца», – йаздина вайн регионан Куьйгалхочо.

Даудов Туркос Иракъан Президентана Бархам Салехьна йелира Iаьрбийн маттахь йазйина йолу «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа: динан хьежам, нийса некъ» книга.

Цу тIехь дуьйцу дуьненайукъарчу терроризмана дуьхьал республикехь дIахьош хиллачу къийсамна коьрте Нохчийн Республикин хьалхара Президент муха хIоьттира.

Цул сов, Даудов Туркон цхьаьнакхетар хилира Иракъан Премьер-министран Администрацин куьйгалхочуьнца Раид Джукица.

Оцу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Россис а, Иракъа а цхьаьна гIуллакхаш даран гурашкахь Иракъан а, Нохчийн Республикин а йукъаметтигаш чIагIйаран хьокъехь долу гIуллакхаш.

«Иракъан беркате мохк шира, хьалдолуш истори йолуш бу, иза йуххера йоьзна йу Исламаца. Оцу махкахь ду бусалба умматан баккхийчу Iеламнехан кешнаш. Цул сов, Иракъехь Iаш дуккха а нохчий бу. Цаьрца вайн йуххера зIенаш йу. Стохка, товбецан (сентябрь) баттахь, цигарчу диаспорин векал Мусонну Къомол Iабдул-Хьамид Дагестани, Раид Юнес ШаIабан Шишани веара Соьлжа-ГIала. Шайн дайн мехкан хазаллех, исбаьхьаллех, аьттонах инзарваьлла вара и шиъ. Кхул тIаьхьа а вайн диаспорца йолу зIенаш, Иракъан халкъаца йолу доттагIаллин, вежараллин йукъаметтигаш чIагIйан дагахь ду вай вайн мехкийн маршонан, беркатан, зовкхан дуьхьа», – дерзийна Кадыров Рамзана.

Д.ПАШАЕВ
№10, чиллин (февраль) беттан 9-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: