Къуръан дешарехь тоьлларш къастийра

Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) стигланашка ваьккхина бутт, шена чохь тIемаш бар дихкина, бусалба нехан сийлахь бутт бу Ражаб. Оцу беттан ларам а беш, Къуръан дешаран конкурс дIайаьхьира Гуьмсан кIоштахь.

Цигахь дакъалоцуш бара оцу кIоштарчу маьждигашкахь йолчу хьуьжаршкара дешархой.

Жюрин декъашхошна йукъахь вара Гуьмсан кIоштан къеда Абдулмуслимов Амир а, Керлачу-Бенан маьждигехь йолчу хьуьжаран хьехархо Раупов Урфониддин а, Раупов Iабдулмумин а.

Къуръан нийса дешарал сов, кхиболу бехкамаш а бара ларбан безаш.

Иза дешна ваьллачуьнга, жюрин декъашхоша таджвид (Къуръан нийса деша Iамош йолу бакъонаш) а, элпийн сибаташ а хоьттура. Цул сов, жюрис тидаме оьцура конкурсантийн Къуръан дешаран мукъам.

– Делан къинхетам бу вайн бераш Къуръан деша лууш, хууш хилар. Цхьа а шеко а йоцуш, беркате тIаьхье йу иза. Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана йоккха терго латтайо кегийрхошна бусалба дин Iаморехь тхуна массо а агIор гIо дарна тIехь. Мел кIезиг а, хIора а бусалба стаг ламаз дар, марха кхабар доцург, Къуръан деша хууш хила везаш ву. Тахана кхузахь дIахьош йолчу конкурсехь дакъалоцуш дуккха а бераш ду. Ма йоккха йал йу иза, оцу берашна а, церан хьехархошна а, церан дай-наношна а, – элира Абдумуслимов Амира.

ХIораммо а, кхачам боллуш, дика дийшира Къуръан. Шайн хьуьжаршкахь а тоьллачарах бара уьш.

Делахь а, билгалваккха везаш вара кхо толамхо. Иштта, жюрин хьесапца хьалхара меттиг йаьккхира Терекбаева Зафирас (Дарбанхи), шолгIа меттиг – Мулаев Мохьмада (Мелчхи), кхоалгIа меттиг – Ильясов Хас-Мохьмада (Керла-Бена).

ВЕГИЕВА Макка
№10, чиллин (февраль) беттан 9-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: