Вайн спортсменийн кхиамаш

ХIокху деношкахь Каспийск гIалахь (Дагестан) дIайаьхьира кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула СКФО-хь хьалхейаккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара СКФО-н регионашкара спортсменаш. Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.

Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, хьалхара меттигаш йехира вайн махкахоша: Исмаилов Ислама (45 кг), Яхъяев Ризвана (48 кг), Магомадов Имама (60 кг), Шамсудинов Турпала (71 кг).

ШолгIа меттигаш йехира Имаев Сайд-Хьасана (51 кг), Гантемиров Мухьаммада (110 кг), Хаджимурадов Абубакара (120 кг).

КхоалгIа меттигаш – Товбулатов Мохьмада (42 кг), Мурадов Тамерлана (45 кг), Дергизов Зиявдис (48 кг), Дудаев Зеламхас (48 кг), Хаджиев Байсангура (55 кг), Юсупов Мохьмада (60 кг), Керимов Мохьмада (71 кг), Садулаев Хьамзата (72 кг), Умаров Алихана (80 кг), Хаджимурадов Абубакара (110 кг), Шамаев СаьIида (120 кг).

Кхиамашка вайн спортсменаш кхачийна уьш Iамийначу церан тренерша: И.Товбулатов, И.Исраилов, А.Абдулаев, Р.Гулаев, А.Ядаев, Х.Гериханов, И.Исраилов, Х.Джабраилов, И.Мучураев, С.Исаев, А.Бисултанов, А.Дикаев.

Оцу турнирехь толамаш баьхначу спортсменаша дакъалоцур ду хIокху шеран бекарг (март) баттахь Башкортостанехь дIахьур йолчу Россехь хьалхейаккхаран турнирехь.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№10, чиллин (февраль) беттан 9-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: