Нагахь аьхке догIанаш оьхуш хилахь, Iа шийла хир ду.
Аьхке екъа а, йовха а хилча – Iа, кIеззиг ло а долуш, шийла хир хуьлу.
Аьхка кест-кеста стигал къекъар – тIедогIу Iа шийла хиларна хаам бу.
Аьхка муьстаргаш хьийкъина хилча – Iа мела хуьлу.
Зезагийн хьожа чIогIа ян йоьллехь – догIа дан герга ду.
Къийгаш лаьтта охьахевшинехь – догIа дан тарлуш ду.
Гезга маша бузуш елахь – хенан хIоттам догIа доцуш хир бу.
Баппа (одуванчик) бIаьстенан юьххьехь делладеллехь – аьхке йоца хир ю.
Нагахь накхармозий баьллан басахь йолчу хIумнашна тIехуьйшуш делахь, баьллаш дуккха а хир ю.
Аьхка цIазамаш хьийкъича, Iа шийла хуьлу.
Iуьйранна хи тIехула дохк хIоьттинехь – хенан хIоттам дика хир бу.
БIаьста зингатийн туьйлиг тIера ло къилбехьа агIора даша долалахь, аьхке йоца а, шийла а хир ю. Иза къилбаседа агIор даша долалахь – аьхке еха а, йовха а.
Малхбузехьара анайист цIинелча – догIа догIу, малхбале цIиелча хилахь – де декхна де хуьлу.
Малх чубузуш, мархаш гул а елла, кхоьлинехь – буьйсанна, стигал а къекъош, догIа догIур ду.
Олхазарша малх болчу агIор баннаш дича, аьхке шийла хуьлу.
Июль баттахь тов хIоттахь, декабрь бутт шийла хир бу.
Хьозарчий ченала я гIамарла керчаш хилча догIа догIу.
ДогIанан нIаьний лаьтта тIехула дуьйлуш делахь – кхоьлина а лаьтташ, догIанаш оьху.
Аьхка сурина (рябина) тIехь дуккха а цIазамаш латийча, гуьйранна догIанаш оьху, уьш кIезиг хилча – гуьйре йокъана йолуш хуьлу.
Iам чуьра пхьидарчий бердана тIе юьйлуш елахь – догIа дан герга ду.
Аьхке тIуьна а, гуьйре йовха а елахь -Iа деха хир ду.
БIаьста гезгамашанаш дукха теснехь – аьхке йовха хир ю.
Б.ДУДАЕВА
№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо