Нохчийчохь кхочушйеш йу инвестицийн 618 проект

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министраца Баширов Iусманца.

Цара дийцаре дира къинхьегаман рынкехь долу хьал а, берийн могашалла меттахIотторан кампани дIайолорна кечамбаран хьокъехь долу гIуллакхаш а, социальни ахчанаш даларца доьзна долу хьал а.

«Баширов Iусмана иштта дийцира, Гуьмсан кIоштан куратор хиларе терра, ша беш болчу балхах лаьцна а. Герггарчу шерашкахь билгалдеш ду муниципальни вовшахкхетараллин инфраструктурина модернизаци йарехь, гIалин куц-сибат хийцарехь дуккха а гIуллакхаш дан. Ас тIедилларца инвестор карийна. Цуо Гуьмсехь йалхитта гIаьтнаш долу йалх цIа дийр ду. Министра оцу цIенойн проект гайтира суна», – бохура регионан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира керлачу гIишлош чохь йолу хIусамаш эца аьтто болуш а, дика а, бегIийла а хила йезаш хиларна.

Цул сов, цуо министрана тIедиллира керла цIенош дарехь беш болу болх кхидIа а дIабахьархьама кхин а инвесторш лахар, пачхьалкхан программаш кхочушйарехь жигара дакъалацар.

«Баширов Iусмана довзийтира бахархой балха хIитторехь долу хьал. Нохчийн Республикехь белхазалла 8 проценте кхаччалц охьайаьлла. Иза пандеми хилале хьалха хилла тIегIа ду. ХIинца Къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министерствон хаамийн базехь 2 569 белхан меттиг йу. Ас билгалдаьккхира регионехь кхочушйеш 618 инвестицийн проект хилар. Уьш кхочушйаро таро лур йу 11 000 белхан керла меттиг кхолла. Цуьнца доьзна ас министрана тIедиллира и проекташ кхочушйина йевлча оьшу болу белхахой кечбаран болх вовшахтохар», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана иштта хаийтира республикехь болх беш берийн могашалла меттахIотторан 4 лагерь хилар. Уьш хIокхузаманан уггаре а баккхийчу лехамашна жоп луш йу.

«Герггарчу хенахь кхин а цхьа комплекс хир йу вайн. ГIирмерчу Iедало Алушта гIала-курортана йисттехь долу 3 гектар латта делла Нохчийн Республикина. Цу тIехь йийр йолуш йу керла комплекс. Цуьнан проект гайтира суна министра. Цуо дийцарехь, гIишло йар дIадолор ду хIокху шеран бекарг (март) баттахь. Карарчу шарахь 25 000 эзар гергга бер йукъаозор ду могашалла тойаран кампанина, нагахь санна эпидемиологин хьал бегIийла хилахь. Пхи эзар беро садоIур ду Iаьржа хIорда йистехь», – дерзийра шен къамел Кадыров Рамзана.

Д.АНАДЕВ
№11, чиллин (февраль) беттан 12-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: