Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайн Правительствехь хиллачу кхеташонехь довзийтира белхан гIуллакхашца Москва вахча ша бинчу белхан жамIаш, иштта дийцаре дира республика социально-экономикин кхиоран гIуллакхаш.

Регионан Куьйгалхочо цкъа хьалха ладуьйгIира бинчу белхан хьокъехь Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима йинчу докладе.
«Цуо дийцира цига даханчу хенахь билгалдаьккхина хиллачу дерриге а 24 гIуллакхан Россин Федерацин Президента, Правительствон Председатела, министрийн кабинето гIолаьцна хиларх лаьцна. Ша аьлча, къобалдина «Культура» къоман проектан гурашкахь республикехь итт шеран муьрехь 100 берийн искусствон школа йар, 4 800 гектар майданашкара минаш дIайахар, милиоративни система меттахIоттор, цунна реконструкци йар, Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствон декъехь капиталоемки объекташ йар. Регион кхиоран кхечу дакъошкахь а барташ бина. Оцу дерриге а гIуллакхашкахула хьокъала доллу тIедахкарш дина Iедалан федеральни органашна», – бохура Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо иштта хаам бира хIара шо республикехь промышленность кхиоран шо дIакхайкхийна хиларца доьзна Россин промышленностан а, махлелоран а министерствос а, регионан промышленностан а, энергетикин а министерствос а Нохчийн Республикин промышленность кхиоран «некъан карта» хIотторехь болх беш хиларан хьокъехь. Индустриальни парк а, технопарк а йарна майданаш йу билгалйохуш.
Кхеташо дIахьочу хенахь Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан Правительствон Председательна тIедиллира бахамаллин а, лаьттан а йукъаметтигийн министерствоца цхьаьна болх беш йоцу промышленни а, йуьртабахаман а (инвесторш йукъаозо мегар йолу) шира объекташ билгалйахар.
«Регионехь дIатесна меттигаш хилийта йиш йац вайн», – дIахьедира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Кхеташонехь иштта дийцаре дира республикера эпидемиологин хьал.
«Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела, регионехь коронавирусан ун даржарна дуьхьал гIуллакхаш даран Кадечу штабан куьйгалхочо Сулейманов Эльхана дийцарехь, хьал чолхе хилла дуьсуш ду, амма иза тергонехь латталуш ду. Цомгаш хуьлуш берш алсамбевлла хьал хилахь, кийча ду кхин а 1 220 маьнга дIахIотто. Кхиамца дIахьош ду бахархошна вакцинаци йар. ХIинцале иза йайтина 718 эзар стага. 56 эзар стагана ревакцина йина», – йаздина республикин Куьйгалхочо ВКонтакте йолчу шен агIонехь.
Кхеташо йерзош, Кадыров Рамзана дийцаре динчу гIуллакхашкахула цхьамогIа тIедахкарш дира правительствон декъашхошна.
ХьалхахIиттийна декхарш кхочушдарехь церан аьтто а, кхиамаш а хуьлийла шена лууш хилар хаийтира.
Д.ПАШАЕВ
№11, чиллин (февраль) беттан 12-гӀа де