Белхан гIуллакхашца а доьзна, Росавтодорехь цхьаьнакхийтира Федеральни некъийн агентствон куьйгалхо Новиков Роман а, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель – Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Абубакар а.

Цигахь дакъалоцуш вара иштта Росавтодоран куьйгалхочун заместитель Костюченко Игорь.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Россин Федерацин Правительствон Председателан заместитела Хуснуллин Марата тIедехкина декхарш кхочушдарца доьзна долу гIуллакхаш.
Ша аьлча, дийцаре дира Новр-ГIали йисттехь Терк хинна тIехула тIай тилларан а, «Долинск – Зебир-Йурт – Макан-ГIала» некъ тобаран а хьокъехь долу гIуллакхаш. 36,4 километр беха болу и некъ заманан лехамашна жоплучу хьоле бало безаш бу.
Цуьнца цхьаьна дийцира «Кхерамза а, дика а некъаш» къоман проект кхочушйарх лаьцна
«ДIадаханчу шарахь Нохчийн Республикехь дика кхиамаш хилира къоман проект кхочушйарехь. Цуо таро йелира некъийн хьал дикка тодан, иза хааделира некъашкахь бохамаш кIезиг хиларна тIехь а, некъашца дIасадахар кхерамза хиларна тIехь а, бахархошна бегIийла хиларна тIехь а. Оцу декъехь кхул тIаьхьа а цхьаьна болх бийр бу оха», – элира Новиков Романа.
Къоман проект кхочуш а йеш, 2021-чу шарахь Нохчийн Республикехь некъашдахкархоша дикачу хьоле балийра 86,2 километр некъ. Белхаш ворхI меттехь дIабаьхьира. Царна йукъахь бара «Соьлжа-ГIала – Ведана – Дагестанан доза» некъ. Туристийн объекташка («Къоьзан Iам» турбаза, Хой йуьртара историн-архитектурин комплекс) боьдуш бу и некъ.
Иштта, тобира «Гуьмсе – Къеди-Йурт» некъ. Оцу некъаца дIасалела Гуьмсе, ткъа иштта, Р–215 федеральни трассица «Аштаркхане – Кочубей – ГIизлара – ХIинжа-ГIала» маршруташца дIасалелаш йолу автотранспорт.
И объекташ тойар бахьана долуш лахделла некъашкахь бохамаш хилар.
Регионан маьIна долчу кхин а пхеа некъа тIехь дIабаьхьна тобаран белхаш. Тобинарг 13,8 километр некъ бу. Соьлжа-ГIалахь 56 объектехь дIабаьхьна некъаш, урамаш тодаран белхаш. Тобинарг 66,2 километр некъ бу. Иштта, куьце балийна Соьлжа-ГIалара 47 а, Устрада-ГIалара 9 а урам.
ХIокху шарахь, «Кхерамза а, дика а некъаш» къоман проект кхочуш а йеш, билгалдеш ду Нохчийчуьра дуккха а некъаш тодан. Соьлжа-ГIалара 68 некъан объект йу царна йукъахь, шайн йукъара йохалла 57,8 километр а йолуш. Иштта, дикачу хьоле далор ду регионан маьIна долчу некъан кхо дакъа, шайн йукъара йохалла 13,1 километр а йолуш.
Федеральни маьIна долу некъ Нохчийн Республикехь 336 километр бу. Царах бу: Р–217 «Кавказ»; «Итон-Кхаьлла – Ведучи»; «Ведучи» туристийн комплексана тIебоьду некъ; Р–215, «Аштаркхане –ГIизлара – Кочубей – ХIинжа-ГIала», Соьлжа-ГIалина тIебогIу некъ, и.д.кх.а.
2021-чу шарахь федеральни некъашдахкархоша Нохчийн Республикехь Р–217 «Кавказ» автомобилийн 8 километр некъ шорбина, йиъ аса а йеш. Капитальни ремонт йаран хьалхарчу муьран гурашкахь белхаш бира «ШаIми-Йурт – Iалхан-Йурт» декъехь а, Мескар-Эвлахь а.
Оцу йарташкарчу бахархошна светофорийн объекташ а, автобусийн социйлаш а, гIашлойн некъаш а дина. ШолгIачу муьран белхаш 2022-чу шеран гурахь чекхдаха дезаш ду. Цул сов, стохка кхоччуш дика тодина Старогладовскерчу хиш дохкучу татолана тIехула тиллина долу тIай, Итон-Кхаьллара ЧIаьнти-Орга хинна тиллина тIай.
ХIокху шарахь а дIахьош бу Гуьмсана гуотесна Р–217 «Кавказ» автомобилийн некъ билларан а, цунна реконструкци йаран а белхаш.
Карарчу хенахь дIахьош ду 9 километр йеха йолчу меттехь некъан йистошца керташ а, искусственни гIишлош а йар. 2024-чу шарахь и некъ биллина баьлча, цуьнан йукъара йохалла 36 километр хир йу.
Кхузаманан IБ категорин, йиъ аса йолу, дуьхь-дуьхьал йогIу машенаш къастош керт йолу некъ бина баьлча, транзитан траспорт Гуьмсе гIалел арахьа йаккха аьтто хир бу. Цуьнца цхьаьна лакхайер йу гIалин транспортан а, экологин а кхерамазалла.
«Аштаркхане – ГIизлара – Кочубей – ХIинжа-ГIала» боьдучу Р–215 федеральни некъан «Оьрза-ГIала – Ново-Щедрински» 15 километр некъ кхоччуш тобаран болх а дIаболийна. И некъ тобина балийта ойла йу 2023-чу шарахь. Карара шо чекхдалале оцу некъаца долу пхи тIай а кхоччуш дика тодийр ду, тойийр йу хи чекхдолуш йолу биргIа а.
Оцу дерриге а гIуллакхах лаьцна къамел хилира Новиков Романан а, Тумхаджиев Абубакаран а, Костюченко Игоран а.
Гуш ма-хиллара, бан леринарг боккха болх бу. Кхул хьалха а санна иза вайн республикин автомобилийн некъийн министерствийн куьйгалхоша а, говзанчаша а, белхалоша а кхиамца кхочушбийриг хиларан шеко йац.
С.ХАМЗАТОВ
№11, чиллин (февраль) беттан 12-гӀа де