Водитель жоьпе озийна
Теркан кIоштан полицин отделан белхахоша, «Ломаз-Йурт – Галне» автомобилийн новкъахь белхан гIуллакхаш кхочушдечу хенахь Соьлжа-ГӀалин вахархочо урхалла деш йолу «ЛАДА-ПРИОРА» сацийра.

Кехаташ толлучу хенахь, водителах къаьркъанан хьожа йар бахьана долуш, полицин белхахоша цунна медицинин тоьшаллех чекхвалар тIедиллира, амма иза реза ца хилира и дан.
Россин Федерацин Конституцин 1-чу декъан 12.26 статьяца нийса а догIуш, таллам бечу хенахь «ФИС ГИБДД-М» хаамийн буха тIехь гучудаьлла, машенан водитель хьалха а оццу статьяца жоьпе озийна хилар.
Россин Федерацин Уголовни Кодексан 264.1 статьяца нийса а догIуш, иза бехке лерина зулам дарна.
Наркотик схьайаьккхина
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон наркотикашна тIехь терго латторан урхаллин белхахоша, оперативни-лахаран мероприяти дIахьош, Соьлжа-ГӀаларчу Фасадни урамехь сацийна 1979-чу шарахь вина волу меттигера вахархо.
Шегахь кехаташ цахилар бахьана долуш, сацийнарг, полицин отделе схьавалийна. Цигахь таллам дIахьош, уллехь тешаш а болуш, полицин белхахоша цуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина таьIна-баьццарчу басахь, ораматех схьайалар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 150 грамм гергга наркотик чохь йолу полиэтиленан тIоьрмиг.
Вахархочо дийцарехь, и наркотик цо лелош хилла шена пайдаоьцуш.
Оццу хенахь, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Хьалха-Мартан кIоштахь йолчу отделан белхахоша, наркотикаш лелоран а, царах пайдаэцаран а шеко кхоллайелла, саца а вина, полицин отделе валийна 1972-чу шарахь вина волу Ӏалхан-Йуьртара вахархо.
Таллам бича, цуьнгара схьабаьккхина ораматех схьайалар долу, сиро-баьццарчу басахь, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 30 грамм гергга наркотик чохь йолу тIоьрмиг.
Лакхахь билгалбаьхначу бахархоша динчу зуламан Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьян 2-чу декъо («Наркотикаш а, корта бахош йолу хIуманаш а, царах терра йолу хIуманаш а эцар а, лелор а, дIасайахьар а, йар а, йухакечйар а») билгалдинчу зуламан билгалонаш йу.
Схьайаьхна наркотикаш таллам бан дIайахьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Экспертийн-криминалистикин туьше.
Бакъо талхийначарна тIедиллина полицин отделе дахкар.
А.МУСЛИМОВ
№11, чиллин (февраль) беттан 12-гӀа де