Хууш ма-хиллара, Севастополь а, ГIирма а юкъахь йолуш Россин 85 регионехь дIайоьлхуш йолу пачхьалкхан юкъара экзаменаш чаккхене кхочуш ю. Кху деношкахь, шайн роже хьаьжжина, Нохчийн Республикехь чекхъевлла биологи, истори, информатика а, ИКТ а предметашкахула йолу экзаменаш.
Биологи дIаяла лаам берш – 5747 а, информатика а, ИКТ а хаьржинарг – 1644, истори дIаяла лаам берг – 10 695 дешархо вара. Экзаменаш дIалуш ю оцу гIуллакхана леррина кечйинчу 60 ППЭ-хь (экзаменаш дIаяларан пункташ). Экзаменаш дIаяларан лехамашка хьаьжжина, пункташкахь болх беш ю видеотергаман система а, хIора а дешархо чекхволу эчиглахаран гIирсах. Хьалххе хууш ду лаккхара дешар харжа лаам болчеран информатика а, ИКТ а экзаменна – 40 а, биологина – 36 а, историна – 32 а балл хила дезар.
Россин Федерацин билгалйинчу субъектийн ЕГЭ-н чаккхенан жамIаш девзар ду 25-чу июнера 30-чу июне кхаччалц. И хаам бовза таро ю ЕГЭ-н официальни хаамийн порталехь. Дешаран карарчу шеран дешархошна шаьш дIаеллачу экзаменийн жамIаш довза таро ю шайн школашкахь, цул сов, регионан лерринчу интернет-ресурсашкахула а.
ЕГЭ-н низам талхор
Стохкалерачуьнца дуьстича кхушара 260-зза кIезиг хилла, аьлла хаам бира Рособрнадзоро.
ЕГЭ дIаяларехь кху шарахь 537 дешархочун болх юкъара баьккхина. Телефон лелорна – 328, шпаргалкаш лелорна – 209. 8-чу июнехь дIаеллачу химин, обществознанин экзаменашкахь телефон лелорна 77 а, шпаргалкаш гучуйовларна 39 а дешархо юкъараваьккхина.
Кхолладеллачу хьолах лаьцна, Рособрнадзоран куьйгалхочо Кравцов Сергейс иштта элира:
– Кху тIаьхьарчу шерашкахь экзаменашкахь низам талхоран жамIаш дуьстича, кхушарахьлера дешархой шайн декхаршна алссам жоьпалле хилар девзина тхуна. Царах дукхахболчарна коьрта ду, кхечанхьара гIо-накъосталла а доцуш, шайн хааршца шаьш ЕГЭ дIаялар. Цул сов, куьйгалхочо билгалдаьккхира, юкъарабаьхначу белхийн терахь хийцадала тарлуш хилар «хIинца а видеокамершца болх беш бу говзанчаш», – элира цо.
Аттестаташ шен хеннахь хир ду
аьлла, хаам бина типографийн говзанчаша
Дешархоша 9-гIий, 11-гIий классаш чекхъяхаран документаш арахецарца май баттахь кхоллаелла проблемаш дIаевлла хиларх, (шуьйрачу хаамийн гIирсашка хаам бина Россин типографеша.
– Лерина бланкаш арахецарехь иттех денна тIаьхьадиса там болуш дара тхо, – элира «СпецБланкМосква» типографин йохкаран отделан хьаькама Косых Еленас. – Школийн куьйгалхоша схьаяла еза заявкаш хьеярна дара иза. Бакъду, федеральни хаамийн гIирсаша и тема тидаме эцарна, школийн директорша а сихо йира, оха а тхайн болх жигарабаьккхира.
Цул хьалха «Гознак» типографин директоран гIоьнчас Никифорова Натальяс а хаам бинера аттестаташ арахецарехь хьем хилар, бланкаш заказ яран керла кеп бахьанехь хилар. «ХIинццалц районийн а, гIалийн а дешаран урхаллаша вовшахтухий, оьшу терахь билгалдоккхий заказ йора. И кхочушдан хала дацара тхуна. Ткъа стохка дуьйна хIора а школа ша-ша типографешца болх бан йолаелла. Оцу гIуллакхо хаъал новкъарло а, хьем а бо тхан балхана».
Цо дийцарехь, стохка кхолладелла хьал хила гергга дара кхушара а, амма «Гознакан» типографин сайта тIе тоьхна, дан дезачун хIора а гIулч билгалйоккхуш, бинчу хьехамо гIо дира цунах лардала.
«И бахьана долуш, гIалатех лардала а, шен хеннахь аттестатийн бланкаш арахеца а таро хилира тхан», – билгалдаьккхира Н.Никифоровас.
Т.АЛИЕВА
№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо
