Чемпионатан толамхой

Владимиран областерчу Суздаль гIалахь дIайаьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула Россин чемпионат. Цигахь дакъалоцуш вара Россин 54 регионера 400 сов спортсмен.

Вайн республикера къийсадаларшкахь дакъалоцуш бара РСК «Ахмат» клубера спортсменаш.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.

Финалехь чемпионатан толамхой хилира вайн махкахой: Манцигов Абуязид (77 кг), Лабазанов ИбрахIим (63 кг).

Цара доккха баркалла боху шаьш оцу кхиамашка кхачийначу шайн тренершна.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№12, чиллин (февраль) беттан 16-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: