«Къона хьехархо – 2022»

Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран департаменто дIахьош йу пачхьенерчу школийн хьехархошна йукъахь «Къона хьехархо – 2022» конкурс. Цигахь дакъалоцуш ву 34 хьехархо.

Конкурс шина декъах лаьтташ йу… Хьалхарчу «Дешаран дарс» декъехь хьехархоша шайн предметан йиллина дарс дIахьо кхечу школин дешархошца.

Конкурсан лерринчу комиссин декъашхой а бу, ца бевзачу дешархошна воха а ца вухуш, хьехархочо дарс даларан хьесап деш.

«Къона хьехархо» конкурс 2016-чу шарахь дуьйна дIахьош йу. ХIинццалц конкурсехь дакъалаца йиш йара 5 шеран белхан стаж йолчу хьехархочун. Амма, хӀокху шарахь хийцамаш бина — хьехархо школе балха веанчу хьалхарчу шарахь дуьйна конкурсехь дакъалаца бакъо йолуш ву. Цо таро ло, хьалхарчу шарахь дуьйна, шайн говзаллин хьуьнарш довзийта а.

– Ца бевза дешархой, ца йевза класс, тIехьарчу партанаш тIехь Iа комиссин декъашхой… Оцо мелла а садуура. Амма, ас дарс дала дезачу классера бераш дика доьшуш дара. Тхуна дукха сиха карийра йукъара мотт. Кхерар дIаделира, сапаргIатделира, иштта, ас хоьттуш, цара жоьпаш луш дIадоладелира тхан дарс. Керла тема хьеха а ларийра со. Цхьа а минот эрна ца йохуьйтуш дIадахара дарс, – дуьйцу Соьлжа-ГIаларчу Хь.Ибрагимовн цIарахчу математикин школин дешархошца дарс дIадаьхьначу Н.Назарбаевн цIарахчу №1 йолчу лицейн оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочо, конкуран дакъалацархочо Гехаева Сацитас.

Хьалхарчу декъехь дакъалоцучу 34 хьехархочух 11 хьехархо къастор ву шолгIачу декъехь дакъацала.

Царна йукъахь билгалвоккхур ву толамхо.

ДУТУЕВА Макка
№12, чиллин (февраль) беттан 16-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: