Макалов Шамсуддин 80 шо кхачарна лерина суьйре

Айдамиров Абузаран цIарахчу Къоман библиотекехь дIайаьхьира халкъан поэтан, йаздархочун, Нохчийн Республикин хьакъволчу лоьран Макалов Шамсуддин (Дала гечдойла цунна) 80 шо кхачарна лерина суьйре.

Суьйре дIахьош вара вевзаш волу поэт, публицист Цуруев Шарип.

Цигахь дакъалоцуш бара вайн махкахь бевзаш а, лоруш а болу Iилманчаш, йаздархой, илланчаш, иштта, Шамсуддин доьзал а, цуьнан гергара нах а.

Гулбеллачара Шамсуддих а, цуьнан кхоллараллин некъах а лаьцна дуккха а довха дешнаш элира. Цара тIечагIдира иза гIиллакхе, озда, нахаца ваза хууш, дика стаг, шен къомах а, Даймахках а, дог лозуш нохчийн къоман кIант хилла хилар.

Цигахь дакъалоцуш хиллачу Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан куьйгалхочо Ельсаев Iаламахьада билгалдаьккхира Макалов Шамсуддис нохчийн къоман литература кхиорехь доккха дакъалаьцна хилар. Цуьнан кхоллараллин некъ тIекхуьучу чкъурана вайн Даймохк безарехь доккха масал хилар а хаийтира цо.

Цул сов, Iаламахьада довзийтира Йаздархойн союзо вайн литература кхиоран болх кхин а жигарабоккхург хилар.

Кхузахь гулбеллачеран ладогIа аьтто хилира Макалов Шамсуддин дешнаш тIехь даьхначу иллешка а, цуьнан байташка а. Царна доккха совгIат хилира берийн бераша цуьнан а, цунна лерина а байташ йешарх.

Дагадаийта лаьа Макалов Шамсудди вина 1942-чу шарахь, Шуьйтахь. Школехь дуьйна литературица тасаделла гергарло дIа ца тосуш, шегарчу похIмица и кхиош, дуьнен чуьра шен рицкъ чекхдаллалц, схьавеана иза.

Цуьнан йозанаш дуьххьара зорбане девлла «Орга» журналан агIонаш тIехь. Цул тIаьхьа цуьнан очеркаш а, дийцарш а сих-сиха зорбане дийлина республикин газеташкахь.

Макаловн ненан маттахь йолу «Ирсе гIулчаш» байтийн дуьххьарлера гулар арайаьлла 1974-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь, 1983-чу шарахь – «Хьалхара гIулчаш» повесть… 2013-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь арайелира цуьнан стихийн а, дийцарийн а «Нийат» гулар.

Цо цхьатерра дика йазйора нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Шен говзаршкахь цо дуьйцура Даймахке болчу безамах, Iаламах, адамех. 2021-чу шарахь кхелхина Макалов Шамсудди.

А.АНЗОРОВ
№12, чиллин (февраль) беттан 16-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: