ХӀокху деношкахь, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь, йуьхьанцарчу классийн нохчийн меттан хьехархошна методикин гӀo-накъосталла даран Ӏалашонца, «Региональни талламан белхашна кечамбаран башхаллаш» аьлла, семинар-практикум дӀайаьхьира.

Семинар вовшахтоьхнера Нохчийн меттан институтан Дешаран-методикин кхачойаран Туьшан Ӏилманан белхахоша.
Республикин Гуьмсан, Курчалойн, Нажи-Йуьртан, Шелан, Шуьйтан муниципальни кӀоштийн школашкарчу 4-чу классийн нохчийн меттан хьехархой а, Дешаран урхаллийн Региональни талламан белхан координаторш а бара семинарехь дакъалоцуш.
Иза дӀайолош, хьехархошка маршаллин дош элира Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Салманан Хьамзата.
Йуьхьанцарчу классашкахь нохчийн меттан Региональни талламан белхаш кхочушбаро дика жамӀаш гойтург хиларан шеко цахилар а хаийтира цо.
Билгалйаьккхинчу темина лерина лекци йийшира Нохчийн Республикин халкъан хьехархочо, Нохчийн меттан институтан дешаранметодикин кхачойаран Туьшан куьйгалхочо Абдуразаков ИбрахӀиман Шертбека.
Цуо билгалдаьккхира йуьхьанцарчу классашкахь нохчийн меттан Региональни талламан белхаш йукъабалоро, оцу классашкахь хьоьхуш болчу хьехархоша дешархошца цхьаьна бечу белхан эвсаралла лакхайаккха йезаш хилар.
Региональни талламан белхийн чулацам а, дӀахӀоттам а бовзуьйтуш, хьехархошка тӀедахкарш кхочуш а дойтуш, семинаран болх дӀабаьхьира Нохчийн меттан институтан дешаран-методикин кхачойаран Туьшан Ӏилманан белхахоша: Тутаева Сацитас, Хунарикова ПетӀамата.
Хьехархойн хаттаршна жоьпаш а луш, цара жигара дакъалацарна баркалла а олуш, дӀайирзира семинар-практикум.
З.АХЪЯДОВА
№12, чиллин (февраль) беттан 16-гӀа де