Ч.Лабазановн йоьза мидал
Азербайджанан пачхьенехь Бакухь дIахьош долчу дуьххьарлерчу Европин ловзаршкахь. греко-римски охьатохархлатарехь хьалхеяккхаран къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикера Лабазанов Чингиз.
ДегIан йозалла 75 кийла йолчу категорехь леташ волчу нихчичо шен хьалхарчу латарехь жамI 6:0 долуш эшийра Венгрера Чабо Мартин. Цул тIаьхьа хиллачу тасадаларехь вайн махкахочо жамI 8:0 долуш эшийра. къамел схьа ца дайтира Францера Нкогосян Эврике. ¼ финалехь Лабазанов Чингизан цхьаьнакхета дийзира меттигерчу спортсменца Мурсалиев Элвинца. Оцу цхьаьнакхетарехь нохчин спортсмен дикка гIолехь леташ вара Элвинел. Амма суьдхоша толам нохчичунна ца белира. Лабазанов Чингизан къийсадаларшкахь йоьза мидал яккха шина цхьаьнакхетарехь эшо безара шена дуьхьала леташ берш. Оцу Iалашонца вайн махкахо дика ларйира.
Иштта, суьдхоша меттигерчу спортсменехьа озабезам а бина хьалхарчу меттигех ваьккхира Лабазанов Чингиз.
Нохчийн дзюдоистийн толамаш
Дукха хан йоццуш Австрерчу Лейбниц гIалахь чекхъевлира дзюдохула Европин кубок къовсарехула йолу турнир. Цигахь дакъалоцуш 29 пачхьалкхера 532 спортсмен вара. Царна юкъахь Россин вовшахтоьхначу командин декъашхо волу Нохчийн Республикера кхо дзюдоист а вара.
ДегIан йозалла 60 кийла йолчу категорехь дика леташ схьавогIуш вара Газимагомедов Эльдар. Амма турнирехь толам баккха доьгIна ца хиллера. Иза финальни латарехь эшийра Суракатов Шапис.
ДегIан йозалла 81 кийла йолчу категорехь дакъалоцуш волчу Тепкаев Турпала къийсадаларшкахь хьалхара меттиг йоккхург хиларх тешна бара вайн махкахочун «довхой». ХIунда аьлча, шен дуьххьарчу цхьаьнакхетарехь дуьйна нохчичо паргIат толамаш бохуш хиларна. Иштта нисделлачу хьелашкахь къийсадаларшкахь дашо мидал яьккхира Тепкаев Турпала.
Иштта дегIан йозалла 100 кийла йолчу категорехь деа цхьаьнакхетарехь шен толамаш бахарца хьалхара меттиг яьккхира Башаев Тамерлана.
Ца моьттург хилира
Июнь беттан 13–14-чуй деношкахь Венгрин пачхьенехь Будапештехь хилира дзюдохула Гран-при. Цигахь дакъалоцуш 67 пачхьалкхера 410 спорстмен вара. Царна юкъахь Россин вовшахтоьхначу командин декъашхо волу Нохчийчуьра Бисултанов Iадлан а вара.
ДегIан йозалла 100 кийла йолчу категорехь шен хьалхарчу кхаа цхьаьнакхетарехь хенал хьалха толамаш бехира вайн махкахочо. Ах финалехь Дарвин Рамаданца цхьаьнакхета дийзира нохчичун. Оцу тасадаларехь баллаш сов яра Бисултановн. Дика леташ а вара. Амма латар чекхдалале кIадвала волавелира иза. Когаш тIехь а хала лаьттара. Цунах пайдаийцира Дарвина. Цо цхьаьнакхетар чекхдала секондаш йисинчу хенахь «иппон» олуш йолу прием ярца толам баьккхира. КхоалгIа меттиг къовсуш Кумрич Златко эшорца йоьза мидал яьккхира нохчичо.
А.АБДУЛАЕВ
№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо