ЦIейайъархой болчохь – йиллинчу неIарийн де

Хууш ма-хиллара, республикин тайп-тайпанчу школашкахь а, берийн бошмашкахь а, иштта, бераш шаьш долччу схьадаладой а, МЧС-н белхахоша дIахьош ду бохамех лардарна лерина цхьаьнакхетарш.

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу Коьртачу урхаллин куьйгаллин тӀедилларца Курчалойн кIоштарчу №2 йолу цIейайъаран-кIелхьарадахаран декъан йиллинчу неIарийн де дара хIокху деношкахь.

МЧС-н векалша Майртуьпара баьхкинчу кегийчу хьешашна экскурси йира. Цуьнан коьрта Iалашо йара цIе ца йалийта муха лела деза а, цIе йаьлла меттиг нисйелча хIун дан деза а берашна Ӏамор, иштта цIейайъархочун болх бовзийтар.

Экскурси дIахьош берийн аьтто хилира МЧС-н белхахойн технике а, белхан гIирсашка бIаьргтоха, цIейаларх ларбаларан бакъонаш йовза а, «огнетушитель» лело Iама а.

Цхьаьнакхетар дерзош, берашна дIасадийкъира шайн кIелхьарадахаран службин номер (112) тIехь йолу кехаташ.

А.ЭРСИНОЕВ
№13, чиллин (февраль) беттан 19-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: