Мини-футболехь – кхиамаш

ХIокху баттахь Краснодаран крайрчу Мостовски поселкехь дIайаьхьира кегийрхошна йукъахь мини-футболах ловзаран ЮФО-н–СКФОН-н турнир.

Цигахь дакъалоцуш йара Нохчийн Республикин Грозненски кIоштарчу Коьрте (Горячеисточненски) йуьртарчу спортан школин «Эрзу» команда.

Шаьш йукъанисделлачу группехь йуьхьIаьржа цахIиттархьама дуккха а къахьега дийзира командин декъашхойн. Цу тIехь церан аьтто а хилира — финале йаьлла ца Iаш, дIадаханчу шеран финалисташна, Анаперчу командина тIехь толам баккха а ницкъ кхечира церан.

И бахьана долуш, «Эрзу» командин аьтто баьлла кестта хинйолчу Россехь хьалхейаккхаран кегийрхойн турнирехь дакъалаца.

Цул сов, турниран тоьлла ловзархо а лерина Коьртерчу спортан школин кхиорхо Межидов Ахьмад.

№13, чиллин (февраль) беттан 19-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: