Нохчийн меттан нийсайаздаран Йоккха дошам

«Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» 2020-чу шеран аьхка арахеца кечйинчул тIаьхьа, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу нохчийн мотт Iалашбаран а, кхиоран а экспертийн кхеташонан белхан тобано, хьем ца беш, дIаболийра «Нийсайаздаран (орфографин) Йоккха дошам» хIотторан болх.

Цкъа хьалха Iилманчаша, вовшех дага а девлла, билгалдехира дошаман структурин декхарш, дийцаре дира дошаман хила йеза кеп къасторан кхин а цхьамогIа мехала гIуллакхаш. И гIуллакхаш дийцаре дича гучуделира бан безарг вуно боккха, хала, жоьпалле болх хилар, цунна дуккха а хан, кIорггера хаарш, Iилма хилар оьшург хилар.

И дерриге а дан шаьш кийча хилар хоьуйтуш, оццу дийнахь дошам хIотторан болх дIаболийра… ХIора а кIиранах шозза цхьаьнакхетара белхан тобанан декъашхой. Шайн кхеташонашкахь дийцаре дора хIорамма а цIахь дошамна йукъадало леринчу дешнашна тIехь болх беш дина гIуллакхаш.

ХIора а дош, иза легаран йерриге а кепаш, классан гайтамаш, кхидерг дийцаре дора. Дерриге а шера, атта дIадоьдура аьлча, нийса хир дац… Дукха нислора шена хетарг, Iилманца делилаш а далош, оцу йа кхечу Iилманчас къийса дезаш меттигаш. Амма массо а Iилманан къовсам чекхболура нийса некъ карорца. Цкъа а ца хиллачу кепара вовшашца собаре, лараме, оццу хенахь лехаме бара белхан тобанан берриге а декъашхой. Цара хьесапе оьцура хIоранна а хеташ дерг, зеделларг, Iилма. Оцо гIо дора болх сиха дIабахийта. Цхьа а хIума тидамза ца дита. Цу кеппара бечу белхан эвсаралла лакхара хуьлура.

Кхеташонашна йукъахь догIу цхьа а де дIадолуш дацара дошама тIехь болх ца беш. Вуьшта аьлча, цхьа а де мукъа дацара церан. Шайн коьрта болх барца цхьаьна (царах хIора а шайн корматаллица болх беш а ма вара) кхочшудеш дора цара Йоккха дошам хIотторан гIуллакхаш. Эххар а, 2021-чу шеран йуьххьехь хIоттийна йелира дошам — цу йукъадахара 140 эзар сов дош а, цхьа миллион сов дешан кеп а. Итт тома йукъа дIанисдира уьш.

И боккха а, мехала а, жоьпалле болх бинарш хIорш бара: Овхадов Муса, Халидов Айса, Вагапов Iаьрби, Иризиев Сайд-Хьамзат, Солтаханов ИбрахIим, Дадаев Сайд-Хьасан, Юнусов Хьамзат, Бадаева Iайшат, Абдулкеримов Адам.

Оцу балхана тIехь сема терго латтош вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу нохчийн мотт Iалашбаран а, кхиоран а экспертийн кхеташонан председателан заместитель Байсултанов Идрис а, жоьпаллин секретарь Умхаев Хьамзат а.

Нохчийн меттан нийсайаздаран дошам (итт том), зорба а тоьхна, арахийцира 2021-чу шеран оханан (апрель) баттахь. Нохчийчохь ненан меттан дезде билгалдоккхучу оханан беттан 25-чу дийнахь Йоккха дошам Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна совгIатна йахьийтира.

Тахана оцу белхан тобанна декъашхоша дIахьош бу итт томехь йолу Йоккха дошам цхьаьна томе йерзоран болх. Итт том лело а, царах пайдаэца а хала хилар хьесапе а эцна беш бу и болх.

Дерзош билгалдаккха лаьа Россин цхьана а субъектехь йац вайниг санна йоккха, мехала нийсайаздаран дошам. Иза вайн нохчийн меттан Iилманчийн вуно боккха кхиам а бу, историн маьIна долу хилам а бу.

С.ХУСЕЙНОВ
№13, чиллин (февраль) беттан 19-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

2 комментари йазйина хIокху “Нохчийн меттан нийсайаздаран Йоккха дошам” йаздарна бухахь

  1. Ваа Дела ма гIурт бина-кх аш вайн маттах. Шух Оьрсийн маттал сов мотт хууш верг вацара?

    1. Де дика хуьлда хьан, Мовсар, марша а вогӀийла! Маттаца доьзнарг Нохчийн меттан институтехь дийца дезаш ду. Церан лехамашца боггӀуш болх бу вай бийриг. Дела реза хуьлда хьайн дог-ойла йовзийтарна!

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: