Карарчу шарахь, вайн республикехь «Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь тойан йезаш шортта объекташ йу. Шелан кӀоштан администрацин пресс-службо дийцарехь, «Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь дIадолийна регионан маьIна долу «СоьлжаГӀала – Ведана – Дагестанан доза» некъан дакъа, «Шела – Гермачиг» некъ (объектан йукъара йохалла 4,8 километр йу) тобар.

Иза тобар оьшу оцу агIор йолу маршрут туристашна чIогIа йезайелла хиларна. Цундела, кхузахула дӀасалелаш дуккха а машенаш хуьлу.
Цу тӀе, гуотесна болчу некъо, тобина баьлча, Шелахула дIасалела транспорт дикка лахйийр йу. ДелахI-хIета, некъ тобар, республикехь кхуьуш долчу туризман декъана а, иштта, Шелана а къаьсттина мехала ду.
Некъийн говзанчаша дийцарехь, латта семса, кIеда долчу меттигашкахь пайдаоьцур бу «геосетканех».
Некъаш тодарехь, тIехулара чкъор ца эккхийта лелош йу тоьллачу технологех йолу и материал. Цо аьтто бийр бу некъан дикалла лакхара хилийта. Цул тӀаьхьа, силаман керла чкъор а дуьллуш, серлонан чиркхаш а тосуш, некъан билгалонаш а хӀиттош, дIахьур бу некъ тобаран белхаш.
Шина асанан некъ, йеа асане баьккхинчул тӀаьхьа, некъ шина декъе боькъуш керт йийр йу, цо таро лур йу, некъан дикалла ларйан а, иштта хаддаза, цхьа кхерам а боцуш, машенаш шина а агӀор дIасалелийта а.
Дагадоуьйту, 2021-гӀа шарахь «Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь, «Соьлжа-ГӀала – Ведана – Дагестанан доза» некъан кхин а цхьа дакъа тодина хилар, шен йукъара йохалла 4,7 километр а йолуш.
А.КАНАЕВ
№13, чиллин (февраль) беттан 19-гӀа де