Къола дарна мукIарло дина
Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Гуьмсан кӀоштан полицин отделе, шен бехкана къера а хилла, тIевеана 2020-чу шарахь вина волу меттигера вахархо.
Цо даре дина карарчу шеран кхолламан (январь) беттан 10-чу дийнахь, ша, шена вевзаш верг волчохь, хьошалгIахь волуш, цуьнан мобильни телефон лачкъийна хилар.
Цунна тIедиллина полицин отделе вар.
Некъан-транспортан бохам
Грозненски кӀоштарчу Мамакхин-КӀотарахь некъан-транспортан бохам хилла.
Бохам хиллачу метте йаханчу талламан оперативни тобано чIагIдина Советски урамехула вогIуш хиллачу 1990-чу шарахь вина волчу республикин пачхьенан вахархочо, машенан урхаллица ларацавар бахьанехь, шен «Лада-Приора» автомашен диттах тоьхна хилар.
Некъан-транспортан бохам бахьанехь, лазийна волу водитель а, иштта, автомашена чохь хилла 33 шо долу пассажир а, дарба дан, Соьлжа-ГIалин медицинин сихачу гIоьнан республикин клиникин больнице вигна.
К.АБУЕВ
№13, чиллин (февраль) беттан 19-гӀа де