Пачхьенера нехаш дӀакхуьйсийлаш дӀайохур йу

Нохчийчохь кхочушйечу къоман «Экологи» проектан гурашкахь вайн республикин Iалам лардаран а, цIиндаран а дуьхьа дуккха а гIуллакхаш ду деш. Царах коьрта ду адамаш дехачу меттигашкара экологин хьал дика хилийтар.

Бахархоша шайн хьашташ кхочушдинчул тIаьхьа, нехаш дIакхуьйсу тIаьхьалонан ойла а ца йеш.

Магийна доцчу меттигашка нехаш дIакхийсаро доккха зен до — хин а, хьаннийн а йистошца, йуьйш-лелочу аренашкахь а йеш йолчу нехийн оьланаша латта а, гонахара хIаваъ а, хиш а, иштта, Iалам а бехдо.

Царна йуххехь Iер-дахар кхераме ду, хӀунда аьлча, Iаламан цIеналлах йоьзна йу адамийн а, дийнатийн а, иштта, ораматийн а могашалла.

Цундела, къоман «Экологи» проект кхочушйаран гурашкахь, карарчу шарахь, дӀайоккхур йу Ирс йуьртара (Соьлжа-ГӀала, Ахьмадан кӀошт) нехаш дӀакхуьйсийла. ДӀайоккхуш йолчу майданан йукъара барам 28,1684 гектар бу.

Кирпични поселкехь (Соьлжа-ГӀала, Ахьмадан кӀошт) ша-шаха кхоллайелла йолу кхин а цхьа нехаш дӀакхуьйсийла дӀайоккхур йу. Цуьнан йукъара барам 10 гектар бу.

2022–2023-чуй шерашкахь вайн республикера кхин а 3 йоккха нехаш дIакхуьйсийла дIайаккха лерина йу. Царах шиъ Соьлжа-ГӀалахь, цхьаъ Курчалой гIалахь йу. Церан йуккъера барам 50,6 гектар бу.

№13, чиллин (февраль) беттан 19-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: