Кху деношкахь Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин исламан университетан «ШариIатан Iилма» факультетан студенташа чIагIбира шайн дипломан белхаш.
Цу мехалчу гIуллакхе баьхкинера Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а, Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца йолчу зIенийн департаментан директор Дадаев Ризван, Кунта-Хьаьжин цIийнах волу Валид Кунта а, иштта кхиберш а.
Студентийн дипломан белхаш чIагIбарехь мах хадочу комиссина юкъабогIуш бара: «ШариIатан Iилма» факультетан декан Мутушев Iабдурахьман, исламан бакъонан кафедрин заведующи Баснукаев Хьасан, университетан хьехархой, Юсупов Рашид, Эльмурзаев Дукхаваха.
Комиссин декъашхой резахилира студенташа гайтинчу дипломан белхийн проекташна. Цара лаккхара мах хадийра студентийн хаарийн.
Шен къамелехь Межиев Салахь-Хьаьжас баркалла элира университетан ректорна а, хьехархошна а. Иштта Iилма долуш къона чкъор, хинболу Iалимаш кхетош-кхиор мехала гIуллакх хилар билгалдаьккхира цо. Цо студенташка кхайкхам бира дешар чекхдаьккхинчул тIаьхьа а шайн къоман, республикин дуьхьа ницкъ, говзалла ца кхоош къахьегар доьхуш.
З.САГАЕВА
№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо