Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ВКонтакте социальни сетехь зорбатоьхна нохчий а, гIалгIай а шайн дайн махках баьхна 78 шо кхачарна лерина пост.

«Нохчийн а, IалгIайн а исторехь уггаре а къизачу, гIайгIанечу денойх цхьаъ ду чиллин (февраль) беттан 23-гIа де. Дерриге а халкъаша неIалт аьлла волчу Сталин Иосифан омранца 1944-чу шарахь вайн халкъаша шайна тIехь лайра адамалла йоцчу, къизачу зуламан бала а, Iазап а. Вайн халкъаш лаххьийна Сибрех а, Казахстане а дIакхалхийра», – йаздина цуо.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочун дешнашца аьлча, иза бакъонца халкъ хIаллакдар дара.
«И къиза таIзар дира фашистийн оккупанташца зIе хилла аьлла харц цIе а кхоьллина. И бахьана долуш вайн республикера орамера бахархойх Iаламат дукха адамаш хIаллакьхилира. И зулам даррехь халкъана тIехь таIзар дар дара. Цунах кхечу кепара олийла а дац», – йаздина цуо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхина мехкан оборонин таронаш алсамйахарна йукъа вайн халкъо вуно йоккха хазна йиллина хилла хилар.
«Вайн халкъана тIехь харцо а, доцург а кхоьллина хиларна тоьшалла до Сталинград ларйеш, Ленинградана лаьцна хилла гуо бостуш, Советийн Союзан а, Европин а гIаланаш паргIатйохуш шайгара майралла а, доьналла а, стогалла а гойтуш дуккха а нохчаша тIемаш бина хиларо. Соьлжа-ГIаларчу бахархоша вуно йоккха хазна йукъайиллина пачхьалкхан оборонин нуьцкъалла чIагIйарна», – йаздина Р.Кадыровс.
Вайн республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхина Россин Федерацин Президента нийсо меттахIоттийна хилар.
«2015-чу шарахь Россин Президента Путин Владимира меттахIоттийна историн нийсо, Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» еза цIе а луш. Цу тайппана сацам баро совцийра вай цадезарийн харц хабарш а, эладитанаш а», – чIагIдина Р.Кадыровс.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо тидам тIебахийтира нохчийн халкъ йоккхачу къизаллица махках даккхарца боьзна болу бохаме хиламаш даима а нохчийн иэсехь буьсург хиларна.
«Доккхачу зуламан бала хьегна вайн халкъаша. Вай даима а дагахь латтор бу оцу къизачу бохамехь кхелхинарш, Iазап лайнарш. Вай Везачу АллахIе вешан доIанашкахь доьхур ду Сталинан къизалла бахьанехь кхелхинарш декъалбойла, царах къинхетам бойла, царна гечдойла», – йаздина Р.Кадыровс шен йоза дерзош.
Д.АНАДЕВ
№14, чиллин (февраль) беттан 23-гӀа де