Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Чуьйри-Эвларчу «Чеченцемент» заводехь а, «Казбек» технопаркехь а дIахьош болчу белхашка хьажа вахара. ГIишлошйаран декъан уггаре а йаккхийчарах предприятеш йу уьш. Цигахь арахоьцу лаккхара дикалла йолу сурсаташ.

Республикин Куьйгалхочо предприятийн куьйгаллина тIедиллира производствон боларш сихдар. Цуо таро лур йу гIишлошйаран гIирсаш а, коьчалш а Нохчийчоьнан рынкашна латтийна ца Iаш, мехкан кхечу регионашна латто а.
«Оцу декхарца хIинцале ларийна Соьлжа-ГIалара кибарчигаш йаран «ГКЗ» ГУП, «ГрозСтройКерм» ООО-н заводаш. «ГрозСтройКерам» заводехь арахецначу кибарчигех а, гIишлошйаран блокех а 90 процент кхечу регионашкахь дIайоьхкина», – бохура Кадыров Рамзана а.
Цуо дийцарехь, оцу предприятеша цхьаьна стохка доьхкина 60 миллион сурсат. Нохчийчоьнан Куьйгалхо иштта хьаьжира Устрада-ГIаларчу гидроузелна реконструкци йар муха дIахьош ду.
Цуо билгалдаьккхина ма-хиллара, иза болх бан йолайелча таро хир йу Грозненски, Шелан, Хьалха-Мартан кIошташкарчу йуьртан бахаман хьаштийн латтанашна хиш дахка. ГIишло йар сихачу боларшкахь а, дикаллин лехамаш кхочушбеш а дIадоьдуш ду.
«Шела гIали йуккъехь «Ахмат» хIусамийн комплекс йар а жигара дIадоьдуш ду. Цигахь дукха петарш йолу цIенош а, коммерцин объекташ а хир йу. Кхузахь керла, башха микрокIошт хир йу», – элира Р.Кадыровс.
Республикин Куьйгалхочунна гира гIишлошйархоша болх дIаболон майда кечйина хилар а, коьрта белхаш дIаболо уьш кийча хилар а. Царна кхачо йина оьшуш мел йолчу техникица а, гIишлошйаран коьчалшца а.
«Гермачигахь керла маьждиг дина далийтарна новкъарло йеш хIумма а дац. 4 500 эзар стеган жамаIатехь ламазаш дан аьтто болу Делан цIа дина дала гергадахана. Чоьхьара а, арахьара а хьахаран, куьцан белхаш бу беш. Маьждиган ков-керт куьце йалорехь кхитIе а дан деза гIуллакхаш билгалдехира ас. ХIинца цигахь садаIа аьтто болуш парк хир йу», – дерзийра Нохчийчоьнан Куьйгалхочо шен къамел.
Д.АНАДЕВ
№14, чиллин (февраль) беттан 23-гӀа де