Нохчийн эстрадин артисташна йукъахь дIахьочу хIорашеран «Шеран илли» фестивалан толамхой билгалбехира Д.Омаевн цIарахчу даздаран цIийнехь.

«Шеран илли – 2021» ХII-чу фестивалан лерринчу концертехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Культурин министр Кадырова Iайшат, кхиболу дуккха а беза хьеший.
Фестивалан финале бевлла болу эшаршлакхархой, иллиалархой «Грозный» радион ладогIархоша SMS-харжамехь къастийна бара.
РадиоладогIархоша кхаж тасарца, фестивалан итталгIа меттиг йаьккхира Еснакаева ПетIаматан композицис, иьссталгIа меттиг – Шепиева Имана, бархIалгIа меттиг – Бетелгериев Iабдулрахьмана, ворхIалгIа меттиг – Байгереев Бешира, йалхалгIа меттиг – Хайдаров Майрбека, пхоьалгIа меттиг – Буруева Мархас, йоьалгIа меттиг – Исмаилов Ризавдис.
Цул тIаьхьа билгалйаьккхира 2021-чу шеран тоьлла кхо композици: кхоалгIа меттиг йаьккхира Нохчийн Республикин халкъан артиста Байкаев Мурада, шолгIа меттиг – Нохчийн Республикин хьакъйолчу артисткас Хаджимурадова Радимас, хьалхара меттиг йаьккхира Нохчийн Республикин халкъан артисткас Муртазова Элинас.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Гран-При йелира Россин Федерацин хьакъйолчу артисткина, Нохчийн Республикин халкъан артисткина, Кадыровн Орденан кавалерана Межиева Маккина.
Фестивалан дакъалацархошна дипломаш а, дато статуэткаш а йелира. Иштта, совгIаташ доцуш, тоьллачу композицийн авторш а ца битира фестиваль вовшахтоьхначара.
2021-чу шеран тоьлла композитор хилира Ахмедов Ислам, аранжировщик – Ирисханов Бакар, иллийн, эшарийн тоьлла автор – Качаев Сайхан.
Хьовсархоша къобалйаран совгIат делира Махметмурзаева Iайшатана.
ВЕГИЕВА Макка
№14, чиллин (февраль) беттан 23-гӀа де