Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Секретариатехь хийцамаш бина.

Секретариатан куьйгалхо хIоттийна Эдилов Валид, ткъа цуьнан заместитель — Кадырова Хутмат. Оцу хьокъехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бира Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьначу кхеташонехь.
Цуо дийцарехь, В.Эдиловс ша дикачу агIор гайтина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кхоьллинчу командехь.
«Дукха хан йу иза Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командехь беркате къахьоьгуш волу. Белхан декхарш кхочушдарехь чIогIа лехаме а, сема а, сацам боллуш а ву Эдилов Валид. Со тешна ву керлачу меттехь иза пайден хирг хиларх», – элира Р.Кадыровс.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхира Кадырова Хутмата реабилитацин туьшийн балхана тIехь Iуналла латториг хилар.
«Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Секретариатан куьйгалхочун заместитель хир йу Кадырова Хутмат. Иза а шуна дика йевзаш йу. ХIинца дуьйна цуо Iуналла латтор ду реабилитацин туьшийн балхана тIехь. Вайна массарна а хаьа ковид цамгар текхначул тIаьхьа стагана меттахIотторан гIуллакх чIогIа доккха маьIна долуш хилар. Нагахь санна, иза шен хеннахь дIа ца долийча, коронавирусан уьнан тIахьенаша кхидолу лазарш меттахдаха тарло. Цундела реабилитацин туьшийн болх тахана чIогIа оьшуш а, мехала а бу», – бохура Р.Кадыровс.
Кхеташонехь цуо керла декхарш хьалхахIиттийра Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Секретариатана, билгалдехира цуьнан белхан коьрта некъаш.
«Уггаре а коьрта хилла дуьсуш ду республикин бахархойн могашалла ларйар. Аш бан безарг боккха болх бу. Цхьаьнабало беза профильни ведомствийн болх, оцу балха тIехь Iуналла латто деза. Бахархошна хаадала деза шайна цхьана а агIор кхерам цахилар, цу йукъахь кхачанан сурсатийн дикаллин агIонгахьара а», – элира Кадыров Рамзана.
Цул сов, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дика мах хадийра Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Секретариатан хьалха хиллачу куьйгалхочо Эдилов Iабдул-Керима бинчу белхан.
«Оцу даржехь Iабдул-Керима ша дикачу агIор гайтира. Тешна ву Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместителан даржехь а иза лаккхарчу кхиамашка кхочург хиларх. Цунна оьшуш мел йолу дикаллаш цуьнгахь йолуш йу», – дерзийра Кадыров Рамзана.
Д.ПАШАЕВ
№14, чиллин (февраль) беттан 23-гӀа де