Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министра Байсултанов Идриса Ш.Эпендиевн цӀарахчу республикин клиникин больницерчу COVID-туьшахь кхеташо дӀайаьхьира.

Уггаре а хьалха, ламасте дирзина ма-хиллара, Хасин Идрис коронавирусан ун хьакхаделлачу дархойн интенсивни реанимацин отделенин балхе хьаьжира.
Отделенин хӀора палати чу хӀуттуш, дархойн могашаллин хьал толлуш, чекхвелира иза.
Министра тидаме ийцира реанимацин отделени медицинин гӀирсашца кхачойина хилар. Карарчу хенахь оцу отделенехь дарба леладойтуш 8 стаг ву. Уьш кхуза халачу хьолехь кхаьчна бара, пехашна дикка иэшам бан кхиънера вирус, делахь а, сихха кхуза схьакхачор бахьана долуш, хӀоранан хьоле хьаьжжина, йа реанимацин а, йа терапин отделенешка дӀатарбира уьш.
– COVID хиларан шеко хилахь медицинин учрежденешка гӀо диэха деза. Бахархошца дӀахьо хаамийн болх жигарабаккха а беза. Дукха хьолахь, медицинин учрежденешка шайн цамгар къаргйелча бен ца кхочу цхьаболу нах. Цара молучу антибиотикаша гӀо даран меттана иммунни системина зен деш меттигаш дукха нисло. ТӀаккха, царах воьлларг бактерешна дуьхьал йолчу терапих пайда ца хуьлуш вуьсу. Стационарехь лелочу дарбанах а гӀуллакх ца хуьлучу хьоле волу дархо. Иза дан мегар дац. ХӀора дархочо шена оьшуш долу дарба а, молханийн барам а бу ларбан безаш, цундела мехала ду мелла а сиха лоьрашна тIекхачар, – билгалдаьккхира И.Байсултановс.
СOVID-туьшан а, реанимацин а болх теллинчул тӀаьхьа, министерствон ковид-туьшан белхан хьесап даран аудиторин комиссис кечйинчу докладе ладуьйгӀийра цо.
Комиссис билгалдина кхачамбацарш хьесапе ийцира ковид-туьшан белхахоша. Циггахь И.Байсултановс тӀедиллира дархошна дарбанаш лелорехь а, церан кехаташ лелорехь а хилла долу кхачамбацарш а, ледарлонаш а йоццачу хенахь дӀайахьар.
– Ш.Эпендиевн цӀарахчу республикин клиникин больницерчу COVID-туьшахь цомгашчу нахана оьшуш болу диагностикин талламаш бан а, терапи йан а, реабилитаци йаран биста кхаччалц, оьшуш болу материальни-техникин гӀирсаш а, хьелаш а ду, – элира министра.
Билгалдаккха деза оцу кепара дӀасахьо (выездное) кхеташо шолгӀа дӀайаьхьна хилар. Дуьххьарлера кхеташо республикин уьнийн цамгарийн клиникин туьшахь хилира.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№14, чиллин (февраль) беттан 23-гӀа де