Айдамиров Абузаран цIарахчу Къоман библиотекехь дIайаьхьира вайн махкахь вевзаш а, лоруш а хилла нохчийн меттан Ӏилманча, фольклорист, филологин Iилманийн доктор, Россин Йаздархойн союзан декъашхо Джамбеков ШаIрани дагалацарна лерина суьйре. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн меттан институтан а, Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан а белхахоша.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин йаздархоша а, Ӏилманан а, дешаран а, культурин а, литературин а, интеллигенцин а векалша, ШаIранин белхан накъосташа, гергарчу наха, доьзало.
Нийсса цхьа шо ду Джамбеков ШаIрани вайца воцу. Гулбеллачара шайна иза вац бохуш дийца хала хиллехь а, дуккха а хаза, довха дешнаш элира ШаIранин дахарх а, цуьнан шатайпа хиллачу кхоллараллин некъах а.
Цул сов, йовзийтира цо даима дахарехь ларйинчу адмаллин а, гIиллакхийн а, къонахаллин а агIонаш. ШаIраних лаьцна дош олучо, хIораммо а, тоьшалла дора, иза шен Даймохк, къам дезаш, нахаца ваза хууш дика стаг хилла хиларна.
Кху цхьаьнакхетарехь дукха а йийшира ШаIранина лерина а, дагах кхеташ а йолу байташ. ШаIранин дахаран коьрта Iалашо Нохчийн мотт, нохчийн фольклор, нохчийн литература Iалашйар а, кхиор а йара.
Ша тIелаьцначу оцу сийлахьчу новкъахь, йахьйуьхь ларйеш, оьздангаллица, доьналлица чекхвелира иза. Дукха книгаш а, статьяш а йазйина цо нохчийн фольклорах а, литературах а лаьцна.
Шен къамелехь Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан куьйгалхочо Ельсаев Iаламахьада билгалдаьккхира ШаIранис вайн къоман литература а, фольклор а кхиорехь йоврйоцу лар йитина хилар, иза дIавалар халкъана а, махкана а боккха иэшам хилар.
Цхьаьнакхетар дерзош, Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата довзийтира Соьлжа-ГIаларчу цхьана урамна ШаIранин цIе тиллар доьхуш йаздархоша а, Iилманчаша а Соьлжа-ГIалин мэрин куьйгалле дехар деш, йаздина кехат.
Нохчийн халкъана даггара дукхавезаш хиллачу Джамбеков ШаIранин кхалхар хилира 2021-чу шеран бекарг (март) беттан 6-чу дийнахь.
Иза Нохчийчохь вевзина ца Iаш, йерриге а Къилбаседа Кавказехь а боккхачу ларамца шен цIе йоккхуш вара. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь цо белхаш бира Нохчийн меттан институтехь а, Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин Исламан а, иштта, хьехархойн а университеташкахь а. Дала гечдойла цунна, Дала декъалвойла иза!
МАДАЕВ Анзор
№14, чиллин (февраль) беттан 23-гӀа де