Йоккхачу АтагIара сийлахь летчик Хамидов ХIарон

1941–1945-чуй шерашкахь хиллачу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь доккха дакъалаьцна болу, шайн дахарш, ницкъаш ца кхоош, тIеман халонаш лайна, нах бицбо вай. Дуккха а историкаш боллушехь, интеллигенци йоллушехь бицбар нийса дуй-техьа?!

Тематикин сурт

Гитлерна дуьхьал тIом бина болу муьлхха а къомах болу бIаьхой лара безаш бу. ЧIогIа хьашт доцуш вицвина хIара стаг цавевзачарна вовзийта лаьа суна иза – Йоккхачу АтагIахь 1916-чу шарахь дуьнен чу ваьлла Хамидов СаIадан кIант ХIарон ву.

ТIеман летчик а, дуккха а совгIаташ долуш турпалхо хилла иза. Россин оборонин министерствон коьртачу (ЦАМО) архивехь суна карийна ХIарон лейтенант тIеман дарж долуш а, «За ратный труд во время Великой Отечественной войны» пачхьалкхан совгIат долуш хилар.

Деза пачхьалкхан совгIат, тIом дIабаьллачул тIаьхьа йелла цунна орден «Боевого красного знамени». ТIамера схьаваьккхина, массо нохчи санна, ХIарон Iедало Казахстане дIавахийтина.

ХIаронан хIусамнана Новосибирск гIалара хилла, кIант, йоI ши доьзалхо хилла церан.

Советийн Iедало ХIаронца шайн болчу боккхачу ларамца и кхелхича, Соьлжа-ГIаларчу тIеман кешнашка дIавоьллина. Шина тIамо и кешнаш дохийнера.

2021-чу шарахь Хамидов ХIаронан каш, чурт карийна Гучигов Сайпудина, гIараваьллачу тIеман истори таллархочунна. ХIаронах дерг толлуш со архивашкахь кхидIа а таллам бан нийат долуш ву.

«Даймохк» газетан редакцин гIоьнца, вайн махкахошка хаам бийр бу ас цу хьокъехь — ХIарон суна вовзаран бахьана дийца лаьа суна… Казахстанехь нохчийн маттахь арадолуш хилла «Къинхьегаман байракх» газет.

1956-чу шарахь №42 йолуш арадаьллачу оцу газетан агIонехь ас йийшира Хамидов ХIаронах лаьцна очерк. ХIарон вовзарна самукъадаьллера сан. Вайн тIеман турпалхойн могIанаш дуьззина цахилар, церан сийларам бар кхачам боллуш, тоам боллуш, доций хоуьйтуш. ХIарон тIамехь хилла ца Iаш, шен маьршачу дахарехь а уггаре а хьалхара нохчийн граждански летчик хилла ву. Очеркан цIе йу: «15 000 сахьт – хIаваэхь». Цуьнан автор йу Хамидовца хилла шен хабар дIайаздина Р.Ибраева.

Иза билггал мила йу хууш дац. Суна хетарехь, иза Ахматова Раиса йу, вайгара массаьргара даггара баркалла ала лаьа цунна хIара могIанаш вайна дитарна.

ХIинца оцу газета тIехь айса дешна долу могIанаш шуна довзийта лаьа: «Алма-Ата гIалин аэродромана тIехула шозза гуо а баьккхина, самолет, къега а къегаш, лаьтта охьалахделира. Машенан кабини чуьра тхуна дуьхьал аравелира хаза дегI а, шуьйра белшаш а йолуш, 40 шо гергга хан хинйолу ондда боьрша стаг. Иза экипажан командир, гIараваьлла летчик Хамидов ХIарон Саадович вара. Забар йаран кепехь цунах дуккха а барамехь самолета тIехь лелачу наха а, цуьнца цхьаьна болх бечара а «стиглан да» олу. Оха накъост Хамидовга дийхира шен дахарх а, балхах а лаьцна тхайна дийцар. ХIарон эхь хетарца вела къежира. Жимма хьаббийна болчу цуьнан бIаьргийн йистошкахь дIатебна хаалуш йара дIайаханчу заманах лаьцна йолу ойланаш. Кхеташ дара оха динчу кепара хаттар цуьнга дуьххьара дина цахилар. Ткъа ХIаронан дахар вайн советски эзарнийн адамийн дахар санна башха хаза а, доккха а ду, иза сийлахьчу турпалаллин гIуллакхех дуьзна ду. Къоналлин шерашкахь хIора жимачу стеган дагчохь хуьлучу ойланех а лехарех а, лаамех а дуьзна долу цуьнан бераллин шераш тхуна хьалха хIиттира дIаяханчу хенан къеггина долу сурт санна. …. Бераллин шерашкахь дуьйна схьа суна чIогIа йезайелира стигал, самолет. Дуьйцийла йац, хIоранна а ма-йеззара суна а йезара хьун а, лаьмнийн готта некъаш а, лаьтта бухара схьадуьйлу шовданаш а, гергара хьоме ярташ а, Кавказан лаьмнийн туьйранашкахь йуьйцуш йолу хазалла а. Оцу дерригенах а сан Iаламат сакъералора, амма летчик хиларан, самолеташ хIаваэхула лелоран ойла сан коьртера цхьана а минотана дIа ца йолура, бохуш дуьйцу ХIарона. ВорхI класс чекх а йаьккхина, ХIарон 1933-чу шарахь летни школе деша Батайск гIала вахара. Мел синтем боцуш хьийжира иза лоьрийн комиссино тIеоьцур болчу сацаме. Амма… экзаменаш кхиамца дIаелла волу ХIарон, могашаллина ледара ву аьлла, лоьрийн комиссис чекх ца валийтира. Оцу гIуллакхо къоначу стеган лаам каг ца бира. Соьлжа-ГIала. 1934-гIа шо. Сталински кIоштан культурин цIийнехь адамех юьзна йолчу зала чохь гоьбевллачу летчикаша Советски Союзан Турпалхоша Водопьяновс а, Молоковс а, Ляпидевскийс а гулбеллачарна дийцира челюскинцийн турпалчу гIуллакхийн хьокъехь. Кхуза гулбеллачарна йукъахь вара мехкадаьттан училищен дешархо ХIарон а. Са а ца доIуш, шен берриге а тидам тIебахийтина ладугIура цо советски летчикийн хьуьнарийн хьокъехь, челюскинцийн башхачу майраллин хьокъехь долчу дог гIатточу дийцаршка. Мехкадаьттан училище чекхйаьккхинчул тIаьхьа, ХIарон операторан гIоьнча хилла крекинг заводе балха хIутту. Амма летни училищен курсант хиларан ойла цуьнан даг чуьра дIа ца йолу. Шайн дерриге а дахарехь коьртехь цхьа ойла, цхьа лаам бен боцу нах бу вайна йукъахь. Ткъа нагахь санна и шайн ойла кхочуш хилахь – цара шаьш дуьнен чохь уггаре а ирсе нах лору. Цу тайппана болчу нахах вара ХIарон а… Генарчу дуьненара хIора минот мел ели цунна гергакхочуш лаьттара летни школе дешархой дIаоьцучу лоьрийн комиссина хьалха иза йуха а дIахIуттур волу де. ХIинца ХIарон цхьа шо хьалха тIедийн цамгар (сыпной тиф) лайначул тIаьхьа ма-хиллара гIорасиз вацара. Иза дегIехь ницкъ болуш, малхо вагийна, дика могашалла йолуш къона стаг вара. 1934-чу шаро ХIаронна чIогIа хазахетар деара. Комсомолец Хамидов Балашовски летни школе деша дIаийцира. ХIан-хIа, иза туьйра дац! Иза бакъдерг, иза хилларг ду! Мосазза веара иза тийначу Донан бердан йистошка! БIаьргашка схьа ца лацалучу донской аренашка а хьожий, шен хазахетар кийра чохь сацон ницкъ а ца кхочуш, стигла хьала а хьожий цо мохь тухура: – Бакъ дац, аса мацца а йаьккхина а йоккхур йу хьо, хIай хIаваан океан! – олий. Къоначу стеган йуьхь тIехь хаалуш гучуйийла йуьйлалора майраллин а, стогаллин а амалш. ДIаэха дуьйладелира тIетаьIIина чIогIа дешар Iаморан, Iилма карадерзоран шераш. – Алахь, ХIарон, хала дарий деша? – аьлла, хаттар дира оха цуьнга. Хамидов, цец а ваьлла, тхоьга хьаьжира. – Суна хетарехь, муьлхха дешар Iамо хала ду, – аьлла меллаша вистхилира иза, – амма оцу халонех боллуш бу синкъерам. Сан самукъадолу хало тIеIоттайеллачохь. 1937-чу шарахь кхиамца летни школа чекх а йаьккхина, Хамидов оцу школехь инструкторан болх бан соцу. Шен юьрта, Йоккхачу АтагIа, хан йаккха иза летчикан болх бечу заманчохь веара. Йуьрта ондда, хаза къона стаг варо кхузарчу бахархошна йуккъехь дуккха а къамелаш гIаттийра. Бераллин шерашкахь дуьйна схьа дагна хьоме хеташ болчу цуьнан накъосташа иза шайн ваша санна тIеийцира, баккхийчу наха цунах куралла йора, ткъа ХIаронна тIехь йолчу летчикан хазчу бедарша инзаре даьхна долу бераш цунна тIаьхьара дIа ца довлура, уьш ХIарон санна лела гIертара. Ташкент – Москва, Ташкент – Минеральные Воды – Сочи, Новосибирск – Москва, Новосибирск – Якутск, Москва – Владивосток – Хабаровск – цу тайппана ю ХIарона бечу некъийн трассаш. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман луьрачу шерашкахь иза, дерриге а советски халкъ санна, вайн сийлахь, дезаш долу латта гитлеровцехмехкаш дIалецархойх лардан хIутту. Шен самолета тIехь накъ. Хамидовс фронте мехала маххьаш кхоьхьу. Сийдоцу мостагIчунна дуьхьал болчу къийсамехь бIаьхаллин хьуьнарш гайтарна советски правительствос иза бIаьхаллин ЦIечу Байракхан орденца а, мидалашца а билгалвоккху. 1944-чу шарахь дуьйна ХIарон кеманан экипажан командир ву. Накъостий безаш а, царна гIо деш а, оццу хенахь гIуллакх дика кхочушдар лоьхуш а волу иза, кхузахь массарна а везаш волу командир хилла дIахIоьттира. Шен ирс цунна къинхьегамехь, адамашна йуккъехь карийра. – Ирс адамашна юккъехь ду, адамийн дуьхьа вахарехь ду, – боху ХIарона, – ткъа вайн адамаш башха, шаьш саннарш кхин хила йиш йоцу адамаш ду. Адамаш дIа-схьа лелочу самолеташ тIехь болх барца Хамидовс дукхазза а адамаш лечуьра кIелхьара дехира. Шеца цхьана а кепара куралла йоцуш, кIеззиг эхь а хеташ, цо шен летни дахарехь хилларш дуьйцу. Цхьана дийнахь иза Майкоп гIалара самолета тIехь Аральское воьдуш вара. Некъ Аральски хIорда тIехула бара. Хьоькхуш бара мартовски шийла мох. ЦIеххьана самолетан мотор болх бечуьра сецира. Самолета тIехь болчу нахана хIора минотехь хIаллакьхиларан кхерам тIекхозабелира. Амма говза летчик Хамидов воха ца вуьйхира. Цо сихха сацам тIе а эцна самолет тIехь болу берриге а мохь хIорда чу кхуссу, и дарца самолетан йозалла йаййо, адамийн дахар хIаллакьхуьлучуьра кIелхьара а доккху. Ткъа кIеззиг хан йаьлча ХIарона меллаша шен самолет лаьтта охьадоссадо. Дуккха а кегийрхошна летни говзалла Iамийна ХIарона. Царна йуккъехь бу летчикаш – экипажийн командираш В.Попов а, А.Исаев а, С.Панов а, иштта кхиберш а, хIинцале хIаваэхь цхьа миллион сов километр барамехь некъаш бина болу. 20 шо сов зама йу Хамидовс самолеташ лелон. Цкъа а бохам ца хуьлуш цо 4 миллион километр гергга некъ бина хIаваэхь, ткъа иза цо 75-зза дуьненна го баьккхина бохург ду. 15 000 сахьт хIаваэхь! Цуьнан дахар – ма-дарра аьлча хьуьнарех дуьзна ду. ХIаронан некха тIехь лепаш кхо билгало (значок) йу, цара тоьшалла до летчико бинчу цхьа миллион километран некъан хьокъехь. Советски правительствос летчикан Хамидовн къинхьегаман хьуьнарийн лаккхара мах хадийра. Цунна 1953-чу шарахь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указца Къинхьегаман ЦIечу Байракхан орден йелира. ХIокху сохьта ХIарона Новосибирск – Москва трассехула самолеташ леладо. Иза кхочу Къилбаседан уггаре а генарчу меттигашка. РогIерачу полетера ХIарон даиманна а тIахъаьлла а, сакъералуш а йухавоьрзу. ЦIахь цуьнга хьоьжуш зуда а, бераш а ду. ХIаронан зуда хими а, биологи а хьоьхуш йу, воккхах волу кIант 10-чу классехь доьшуш ву. Цхьана хенахь шен дас санна цо а ойлайо летчик хиларан хьокъехь. Хамидовн кегийчу бераша хIинца а шайна говзаллаш ца хаьржинна, амма церан хиндерг сирла а, синкъераме а, ирсе а ду. Правительствос ХIаронна 1 500 соьман барамехь пенси хIоттийна, амма цунна садаIаран хьокъехь долчу къамеле ладогIа а ца лаьа. ТIедогIуш долчу хIора дийно нохчийн халкъан кIентан Хамидовн сирлачу дахарана йукъа керла, толамаш бахьа. Иза кийча ву муьлхачу а дийнахь а, миччахь а шен самолета тIехь новкъа вала. Хамидов санна болчу летчикийн говзачу куьйгашна а, майрачу дегнашна а кхераме йац цхьа а тайпа локхаллаш а, цхьана а кепара халонаш а».

ХIара очерк «Къинхьегаман байракх» газетехь зорбатоьхначул тIаьхьа цхьа шо даьлча, нохчийн халкъана бакъо ло Советийн Iедало шен Даймахка цIадерза.

Хамидов ХIаронан, цуьнан берийн кхоллам муха хилла хьовсур ду тхо, Дала мукъ лахь! Цу декъехь болх беш а ду тахана.

МУРДАЛОВ Муслим
№14, чиллин (февраль) беттан 23-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: