Нохчийчуьрчу 12 эзар бIаьхочо гайтира шаьш муьлхха а омра кхочушдан кийча хилар

Соьжа-ГIалахь дIадаьхьира Нохчийн Республикин нуьцкъаллин структурийн бIаьхой, омра хилла хьал хилахь, дуьненан муьлхха а меттиге баха кийча бу-бац хьажар.

Нохчийчоьнан пачхьенехь вовшахкхийтира Нохчийн Республикин МВД-н, Росгвардин Нохчийчохь йолчу урхаллин, кхечу ведомствийн 12 эзар сов белхахо.

Мехкан Президентан омра кхочушдан кийча ву республикера 70 эзар сов стаг. МогIаршка дIахIиттина болчу бIаьхойн кийча хилар теллира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

«Вайн Даймахкана кхерам тIехIоьттича орцахбовла кийча мел хиллачарна массарна а баркалла ала лаьа суна. Шу дерриге а могаш а ду, таза а ду, доьналла долуш а ду, кийча а ду Россин Федерацин Лаккхарчу коьртакомандующин омра муьлххачу хенахь а кхочушдан. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь мел волчо вай дехаш долу вайн мохк ларбан беза», – элира Р.Кадыровс бIаьхошна хьалха динчу къамелехь.

Цуо билгалдаьккхира мехкан Президента Россин гражданаш ларбарехьа шен хеннахь нийса сацам бина хилар.

«Цу тайппана масалш Шемахь а хилира. Россис шен хеннахь динчу гIуллакхаша гIо дира 3 эзар сов мостагIа хIаллакван. И дарца кхачойира вайн пачхьалкхан кхерамазаллина. ХIинца, оццу малхбузенан а, Европин а пачхьалкхаша шайга далуш дерг дерриге а дина Украинехула вайн махкара хьал карзахдаккхархьама. Делахь а, вайн президента шен хеннахь тIеийцира ДНР-н а, ЛНР-н а йозуш цахиларан хьокъехь болу сацам. И дарца кхачойира бахархойн кхерамазаллина», – дагадаийтира регионан Куьйгалхочо.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, хIинца Донбассехь берш Украинин герзашца кечбина ницкъаш бац, ткъа террористаш а, экстремисташ а бу. Цара маьршачу бахархошкахь кхерам латтабо.

«Ас официально дIахьедо Украинехь уггаре а кхерамечу меттигашкахь хир бу Кадыров АхьмадХьаьжин некъана муьтIахь болу нохчийн бIаьхой. Тахана вай массо а хIуманна кийча хила деза, уггаре а хьалха нохчийн халкъан а, Россин халкъийн а кхерамазаллина кхачойархьама», – тIетуьйхира Кадыров Рамзана.

Д.ХАМЗАТОВ
№15, чиллин (февраль) беттан 26-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: