Россин Федерацин законодательствоца налогийн а, администрацин а, уголовни жоьпалла тIедужу къайлаха совдегаралла лелорна.

Къайлаха совдегаралла лелор Iорадаккхар тIехь ду налогови инспекцин, полицин, прокуратурин, антимонопольни органийн, хьаштахойн рынкана тIехь терго латторан органийн белхахошна.
Таллам бар дIадолорна бахьана хила тарло само йечу бахархошкара кхаьчна хаам. Масала, къайлахчу таксистана реза ца хиллачу стага дина арз.
Россин административни бакъонаш талхоран хьокъехь долчу кодексаца билгалйеш йу тайп-тайпана административни санкцеш.
Царна йукъадогIу: – пачхьалкхан регистраци йоцуш совдегараллин гIуллакх лелор йа ша цхьамма совдегаралла лелор; – леррина бакъо йа лицензи йоцуш, нагахь санна иза хила йезаш хьал делахь, совдегараллин гIуллакхалла лелор; – лерринчу бакъонца йа лицензица билгалбина лехамаш а, хьелаш а талхорца, цу йукъахь кIоршаме талхорца, совдегараллин гIуллакхалла лелор.
Законца догIуш доцуш совдегаралла лелорна 2018-чу шарахь тухуш долу лаххара гIуда 500 сом дара. Делахь а, гIуданан барам шина эзар соьме кхача а тарло. Цул сов, Кодексаца билгалдеш ду совдегараллин гIуллакхалла дезткъе итт дийне кхаччалц административни сацор.
Нагахь санна къайлахчу бизнесо пачхьалкхана йа бахархошна зен динехь совдегархочунна уголовни жоьпалла тIедожарна кхерам бу, законца догIуш доцу совдегаралла лелорна.
Уголовни кодексан статьяшна кIел нисло законца догIуш доцуш боккха пайда (2,25 миллион а, кхин а алсам а сом) йа къаьстина боккха пайда (9 миллион а, кхин а алсам а сом) бинехь.
Законца догIуш доцуш совдегараллин гIуллакхалла лелорна Россин УК-ца билгалдо хIара таIзарш: – боккхачу барамехь зен дарна – 300 эзар соьман барамехь йа белхан алапин барамехь йа судйинчун шина шаре кхаччалц болчу муьрехь хиллачу пайданан барамехь гIуда тохар; 480 сахьте кхаччалц болх бар тIедожор; 6 батте кхаччалц лацар; – къаьсттина боккхачу барамехь зен дарна 100 эзар соьмера 500 эзар соьме кхаччалц йа белхан алапин барамехь йа судйинчун цхьана шарера кхаа шаре кхаччалц болчу муьрехь хиллачу пайданан барамехь гIуда тохар; пхеа шаре кхаччалц тIедожорца болх байтар; пхеа шаре кхаччалц паргIатонах ваккхар, дезткъа эзар соьме кхаччалц йа белхан алапин барамехь йа сдйинчун йалх беттан муьран кхечу пайданах йа и боцчух гIуда тохар.
Законца догIуш доцу совдегарралла лелорна гIуда тохар тIедуза тарло цуьнца догIуш бакъонаш талхорна йолчу санкцешца: кхечеран товарийн билгалонех законца догIуш доцуш пайдаэцар, эцархо Iехор, контрофакт йохкар.
Къайлаха совдегараллин гIуллакхлелоран лазаме тIаьхьалонаш ца хилийтархьама налогийн органаша доьху налогови инспекцехь регистраци йайтар.
С.АЛЬВИЕВ
№15, чиллин (февраль) беттан 26-гӀа де