Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад Нохчийчоьнан пачхьенехь йеш йолчу гIишлошка хьожуш чекхвелира хIокху деношкахь.

Ша аьлча, иза хилира Висаитовн кIоштахь. Цигахь деш ду 22 цIа. Оцу цIеношкахь хIусамаш лур йу тишачу цIеношкахь Iаш болчу гIалин бахархошна. ЦIенош дар дIахьош ду Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан йукъараллин фондан харжийн чоьтах. ГIишлош хьалайоьттина йевлла.
Карарчу хенахь дIахьош ду цIенош чоьхьара хьахаран а, ков-керташ куьце йалоран а гIуллакхаш.
Кадыров Хас-Мохьмада дийцарехь, цIенош герггарчу деношкахь дина девр ду. Царна уллехь керла школа а, берийн беш а йина. Иза чIогIа мехала ду.
Керлачу хIусамашна чукхелхинчу бахархойн аьтто хир бу шайн бераш оцу школе деша дахийта. Ткъа къоначу наношна боккха кхаъ хир бу йуххехь берийн беш хиларх. Бераш цига дIа а делла, вайн йукъараллина пайдехь долу гIуллакхаш дан, йа шайн корматаллашца болх бан таро хир йу церан.
Соьлжа-ГIалин мэра билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан йукъараллин фондан президентан Кадырова Айманин а терго а, гIо-накъосталла а бахьана долуш Соьлжа-ГIаларчу доха гергадаханчу ширачу цIеношкара адамаш керлачу хIусамашка дIакхалхоран программа кхиамца кхочушйеш хилар.
Оьшуш мел долчунна тIехь цаьргара гIо хуьлу вайн пачхьенан мэрин куьйгалхошна.
Иштта, Кадыров Хас-Мохьмад Устрада-ГIала йолчу агIорхьара Соьлжа-ГIала вогIучу некъаца гIали чу вуллучохь некъа тIехь беш болчу белхашка хьажа а вахара.
ХIоттийначу проектаца нийса а догIуш, цигахь гIамаран сахьтан суьртехь конструкци йу йан йолийна. Оцу конструкцин лакхалла 15 метр гергга хир йу, ткъа диаметр – 10 метр сов. Некъ дIасакъаьстачу меттехь йеш йу и гIишло.
Карарчу хенахь чекхдоккхуш ду лард йоттар. Вайн республикин пачхьенан куц кхин а исбаьхьа дийр ду оцу гIишлоно.
ГIалин мэр реза хилира гIишлошйархоша шина а объектехь беш болчу балхана. Болх сиха бина ца Iаш, цара боккха тидам тIебохуьйту белхан дикалла лаккхара хилийтарна.
С.АЛЬВИЕВ
№18, бекарг (март) беттан 9-гӀа де