Кху деношкахь журналистийн скверехь шуьйрачу хаамийн гIирсийн рогIера ярмарка хилира. Иза вовшахтоьхнера «Столица плюс» газетан редакцис. Ярмарке даьхна дара «Вести республики», «Даймохк», «Наша школа», «Столица плюс» газеташ а, «Вайнах», «Орга», «СтелаIад» журналаш а.
МоггIара охьадехкина газеташ а, иштта хазачу басаршца хаздина берийн «СтелаIад» журналаш а тIехбуьйлучеран тидам боцуш ца дуьсура. Шайна деза журналаш а, газеташ а хоьржура, ярмарка вовтахтохархошка тайп-тайпана хаттарш дора, Соьлжа-ГIалин бахархоша а, хьешаша а. Дукхахболчу кегийрхоша шайл жимачу йиша-вешина «СтелаIад» журналаш даьхьира. Ткъа баккхийчара – «Орга» журналаш а, «Даймохк» газеташ а оьцура.
Йоццачу хенахь дIасадехира газеташ, журналаш. Вай тешна ду, тIейогIучу хенахь газеташ, журналаш доьшуш берш кхин а алсамбевриг хиларх.
З.САГАЕВА
Авторан сурт
№ 67, шот, 20 июнь, 2015 шо