А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Йукъараллин фондо 80 машен эцна Донецкан а, Луганскан а халкъийн республикийн хьашташна — аьлча а, церан салтийн хьашташна. Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхина оцу 80 машенах 50 машен Донецкан Республикина а, 30 машен Луганскан Республикина а кхаьчна хилар.
Йуьйцуш йолу машенаш а йовзийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо — «Патриот» УАЗ-ш а, УАЗ-452-ш а йу уьш.
И машенаш хиларо меттигерчу салтийн эвсаралла лакхайоккхург хиларх деган йовхо йолуш ву Кадыров Рамзан.
Иштта, оцу шина республикин бӀаьхойн техникица доьзна хьашташ кхочушдарна А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Йукъараллин фондан президентана Несин Айманина баркалла а аьлла цо.