Россин Кхерамазаллин советан секретарь Н.Патрушев куьйгаллехь а волуш дӀайаьхьна Соьлжа-ГӀалахь Къилбаседа-Кавказан ФО-хь къоман кхерамазалла латторна лерина кхеташо.

Цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Р.Кадыровс, Къилбаседа-Кавказан ФО-хь Россин Президентан векал волчу Ю.Чайкас, округерчу субъектийн а, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон а, Кхерамазаллин федеральни службин а векалша.
Федерацина дуьхьал кхайкхийначу экономикин тӀамо къоман проекташ кхочушйарна вуон Ӏаткъам беш хиларна тӀе тидам бахийтира кхеташонехь.
Цуьнца а догӀуш, субъекташна тӀедожийна экономикин кхерамашна анализ йар а, къоман проекташ кхочушйарехь хила безачу гайтамашка кхачар а.
Цул сов, къаьсттина тидам тӀебахийта безаш хьал ду Россица гергарло а, доттагӀалла а лелочу пачхьалкхашца уьйр-зӀенаш чӀагӀйаран гӀуллакх а.
Тидамза ца дисира граждански обороница доьзна гӀуллакх а. Цигахь, мел халахеташ делахь а, хьал чолхе хилар билгалделира — ма-дарра аьлча, округехь йолчу 2 400 лочкъийлах 36 бен кийча йац.
Герггарчу хена чохь хийцамаш хила безаш бу оцу декъехь.