Россин Президента Путин Владимира тахана видеоконференцин рожехь дӀайаьхьначу кхеташонехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаийтира Коьртачу буьйранчин муьлхха а омра кхочушдан кийча хилар.
«Хьан къамеле ладугӀуш а волуш, шен бахархойн патриотизм а, доьналла а вайна масал долу Ленинградан блокада дагатесира суна. Россин гуонехь а тахана изза блокада йу ала мегар ду, амма экономикин. Малхбузено гӀо-накъосталла деш хилла дуьненайукъара терроризм эшийна вай Нохчийн Республикехь. Тахана оццу Малхбузено гӀо деш ду Украинехь долчу шайтӀанашна а», — элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цул сов, куьйгаллехь Путин Владимир а волуш, Украинехь, Кавказехь а санна, машар дӀахӀоттор хилар а билгалдаьккхира цо.