(Интервью)
ХIора шарахь июнь беттан кхоалгIачу кIирандийнахь шайн корматаллин де билгалдоккху дуьненчохь уггаре а оьшучу, ца хилча йиш йоцучу медицинин белхахоша.
Медицинин белхахочун де билгалдаккхаран ламаст 1980-чу шарахь юкъадаьлла. Оццу шарахь арадаьккхира СССР-н Лакхарчу Советан Президиумо цу хьокъехь долу шен Указ. Цул тIаьхьа дуьйна медицинин белхахочун денна лерина даздарш Россехь хилла ца Iаш, Украинехь, Белоруссехь, Молдовехь, ерриге а республикашкахь хуьлу. Цу дийнахь лоьрашна хьакъ долу совгIаташ, пачхьалкхан Сийлахь цIерш ло. «Россин Федерацин хьакъволу лор» а (и цIе бIаьрла кхиамаш а баьхна, медицинехь къахьоьгу 15 шо кхаьчча луш ю), иштта «Россин Федерацин могашалла Iалашъяран хьакъволу белхахо» (и цIе а ло медицина кхиорехь а, цуьнан декъехь 20 шарахь сов къахьегначу белхахочунна).
Медицинин белхахочун де иза цхьана лоьрийн де хилла ца Iа, иза цомгашчунна, лазийначунна гIо деш гуонаха мел хьийзачу медицинин белхахочун-биологийн, лаборантийн, медицинин оборудованица къахьоьгучу инженерийн, технологийн а де ду.
КIайн халат юьйхинчу белхахочун де герга кхочуш тхо цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министран заместительца Исакова Заремица. Белхан гIуллакхаш дукха доллушехь «Даймохк» газетан корреспонденташ ду аьлча, цо ларам бина, тIеэцна хазахийтира тхуна.
– Зарема, шайн корматаллин де тIекхочуш дог-ойла муха ю шун?
–Муьлхха а лор вай санна адам ду, кIадлуш, гIеллуш, шайн цIахь а, балхахь а даима а къахьега дезаш, муьлххачу адаман санна, ненан санна, церан а шайн доьзалшкахь а хуьлу социальни проблемаш, дика-вон. Вайн нохчийн лоьраш санна къахьегна а, халонаш лайна а бац аьлла хета суна кхечу республикашкара лоьраш. Хийлазза къонахалла гайтира цара тIеман шерашкахь. Бийца дукха бу уьш. Соьлжа-ГIаларчу №4 йолчу гIалин больницехь къахьегна хирург-реаниматолог (фамили дага ца йогIу) ИбраьхIим хийлазза дагавогIу тхуна. ТIедетташ герз а долуш операцеш йора цо «Со муха гIур ву дIа операционни стоьла тIехь адам а дитина», – бохуш. Иза а, цуьнца хилла медйижарий а операционни чу ракета кхетта байъира оцу дийнахь. ТIом, кхийсарш дIатийча, шайн кара кIайн байракхаш а лоций, адам-да меттах хьан ца даьхьачу хенахь, нохчийн лоьраш буьйлалора декъий, чов йина Iохку нах схьалехьош. Майралла яра иза! Шайн къомана тIе бала боьссича, шайн декхарш турпалаллийца кхочуш дина лоьраш бу уьш.
Суна тхайн министрах Ахмадов Мусах дош ала лаьа. Иза вайн республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) хIоттийна оцу дарже. 2002-чу шарахь Нохчийчоьнан медицинин инфраструктура юха кхоьллина стаг ву иза. Иза дика вовшахтохархо ву, цуьнан говзаллин хьуьнарш а алсам ду кхечарачул. Лоьраш ирсе хилча ирсе ву иза, цаьрга вон деача дог духуш а ву. Нохчийн лоьраш Россин я Европин муьлххачу а гIала дIабахана къахьегалур доцуш бацара, амма медицина гIатто, шайн махкахь къахьегар сийлахь хетта сецна, болх беш бу. ТIеман халонаша дийцина ца довллал боккха иэшам бира вайн медицинина. Уггаре а хьалха лоьрийн силсилан зIе хадийра, (приемственность врачей), медицинин гIишлош (больницаш, поликлиникаш, лаборатореш) йохийра. Луларчу республикашкара лоьраша шайн хаарш совдахарна тIехь къахьоьгучу хенахь вайн лоьран шайн синош дадийна лийлира.
– Зарема, тахана хаамийн гIирсашкахь уггаре а кIезиг хьахош дерг могашалла Iалашъяран декъехь хуьлуш, деш дерг ду. Амма тхуна хаьа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен лерринчу а тидаме эцнарг шун министерствон болх хилар. Дан кхиънарг а, дан дагалаьцнарг а довзийтахь?
– Карарчу шарахь Нохчийн Республикехь могашалла Iалашъяран декъехь къахьоьгуш 3478 лор ву (лаккхара дешаран дипломаш долуш), 9647 – медицинин юккъера медбелхахо ву, 5164 – лахара медбелхахо ву, технически лаборанташ, иштта оцу кепара белхахо а – 5980 ву. Верриге а 24369 медицинин белхахо ву Нохчийн Республикехь.
Кхечу дустаршца аьлча, 10 эзар вахархочунна кхочург 25 лор ву (Россин Федерацехь 44 кхочучохь). Лоьрийн къоьлла ю. Ас лакхахь ма-аллара, тIеман шераша бина иэшам хаалуш бу тахана а. Доккха зеделларг долчу лоьрийн меттиг тIекхуьучу къоначара дIалацар юкъахдаьлла. Делахь а, вайн медицинин белхахойн лаккхара мах хадийна. Нохчийн Республикин лоьрийн шайн Iилманан даржаш а, цIерш а ю. Тахана вайн медицинин Iилманийн кандидат 100 ву; медицинин Iилманийн доктор 9 ву; «Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран отличник» 103 ву; «Россин Федерацин могашалла Iалашъяран отличник» 17 ву; «Нохчийн Республикин хьакъволу лор» 105 ву; «Россин Федерацин хьакъволу лор» 13 ву.
Иза дац корматалла карайирзина, зеделларг долу лоьраш кхин бац бохург. Вайн лоьраш цIершна тIаьхьаидда бац, уьш халкъалахь бевзаш, диканехь-вонехь лоруш, наха баьрчче бохуш лелош бу.
– Лоьрийн корматалла, хаарш совдахарехь хIун белхаш бо аш?
– 2006-чу шарахь дуьйна кхочушъеш Программа ю. Вайна хила луучуьнга хьаьжча, сатийсинчу жамIашна тIе ца кхачаделла. Иза кадрови программашна финансировани ца тоар ду.
2011-чу шарахь дуьйна кхочуш еш «Земский доктор» программа ю. 2011-2014-чуй шерашкахь 399 медицинин белхахочуьнца барташ бина юьртахь болх байта. 2014-чу шарахь районашка 61 лор хьажийна. (Уьш тайп-тайпана говзаллаш йолу лоьраш бу). Ахча ца тоарна, республикин бюджетехь оцу балхана къастийначу 100 млн. соьмах 30,5 млн. сом бен ца хилла.
«Кадровое обеспечение системы здравоохранения» программин гурашкахь, республикин Iалашонан «Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяр 2014-2020-чуй шерашкахь кхиор» программица догIуш, цхьацца муьрехь (поэтапно) дIадаккха дагахь ду лоьраш цатоар. Лоьрашца кхачояран гIуллакх 24,9 процентера 69,9 процентана тIе даккха.
Делахь а, могашалла Iалашъяран министерствон куьйгалле шегга дIаяккхалур йолуш проблема яц иза. «Комплексный подход» цIе йолуш шуьйра бечу балхаца бен дIаяккхалур яц и проблема.
Тидаме эца деза дешаран лаккхарчу учрежденешка кхачале долчу дешаран т1ег1а а, цул тIаьхьа долчу дешаран тIегIа а. ПохIма, хуьнар, хаарш совдолу выпускникийн аьтто, бакъо хила еза Россин Федерацин ВУЗ-ка деша баха. Амма дешна ваьлларг шен Даймахка юха а воьрзуш, шен юьртахь, цIахь цо мел кIезиг а 5 шарахь болх бийр болуш йозанца барт а беш. Оццу районан администрацин куьйгалхочо шайн лоьрана Iер-вахаран хьелаш нисдарехь гIо дан тIе а дожош.
Муьлхачу говзаллехула маса лор оьшу хIора районан коьртачу лоьрана хууш хила деза. Коьртачу лоьрийн заявкашка хьаьжжина кхочушйийр ю лоьраш кхиоран Iалашонан программа.
– Зарема, шу верриге а 4 заместитель ву министран. ХIоранна а шен цхьа дакъа ду тIехь Iуналла деш къахьега билгалдина. Хьан декхарш хIун ду? Могашалла Iалашъярехь муьлха дакъа тешийна хьох?
– Адам дуьненчу долучу хенахь, нанна а, берана а т1ех1уьтту халонаш д1аяхар, дуьненчу долучу берана больницехь оьшуш долчу хьелашна т1ехь терго яр. Вайн республикин роддомашца а, берашца а беш бу и болх. Оьрсийн маттахь «родоспоможение и детство» олу сан декхарх. Хууш ма-хиллара, дIадаханчу кIиранах Россин Федерацин Правительствон Председатела Д.Медведевс видеоселекторни кхеташо дIаяьхьира могашалла Iалашъяран хьолан хьокъехь. Цигахь дийцаре динарг дуьненчу долучу берийн кхалхарш а, берана хьалхарчу беттанашкахь оьшуш долу медицинин гIо а дара. «Кегий берийн кхалхар» вайн республикехь алсам дара дIадаханчу шерашкахь. Ткъа хIинца Д.Медведевс хазахетарца билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь дуьненчу долучу берийн кхалхар шозза лахделла хилар.
Айса Iуналла деш йолу проблема и хиларна, хIора дийнахь еш мониториг ю. Мичахь, маса бер кхелхина, бахьана хIун дара толлуш (кехаташ гойту цо). Клинически талламаш бу хIора баттахь беш.
2013-чу шеран чаккхенехь дуьйна бер дуьненчу далар, иза дисар леринчу тидаме эцна. Оха дукха реорганизацеш йина. Республикин берийн клинически больницехь схьайиллина реанимацин отделени. Хийцамаш республикин коьртачу №1 йолчу роддомехь а бина. Бакъдерг дийцича 2014-гIа шо хала дара. Лоьраш шайн белхан хан дIаяьлча, буьйсана 11, 12 сахьт даллалц совцура, дагахь доцу хала киртиг тIехIоьттича шайна цхьа а шеко йоцуш гIуллакх нийса дарехь хаа дезаш дерг Iамош. Ткъа мукъа денош тхан хилла а дац. 2014-чу шарахь оха берийн лоьрашца бина болх «ликбез» ала мегар долуш бара. Кхечу регионашкара тоьлла говзанчаш, профессорш кхойкхуш, къаьсттина неонотологаш, мастер-классаш яйтира. Вай долчу баьхкинчу лоьраша теори хьехна ца Iара, шайна тIе халаташ а юхий, вайн медйижаршна, лоьрашна улле дIахIиттина болх муха бан беза гойтура. Царах цхьаъ Карпова Анна (Ярославль г1алара медицинин академин профессора) Россехь а гIараяьлла евза неонополога аьлла дешнаш хIокху медицинин белхахочун денна уггаре а доккха совгIат ду тхуна.
«ХIокху цхьана шарахь шун берийн неонотологаша 10 шаранна ала хаац, амма 8 шарана муххален а прогресс йина».
Медицинин белхахочун де, вайн республикин хIора доьзална дуй хаъал мехала ду, хIунда аьлча адаман мел бахам белахь а, мел нур хIуьттуш хаза белахь а, цуьнан могашалла ца хилча иза ирсе ца хуьлу. Тхайн корматаллин денца суна декъалван луур дара тхайн министр Ахмадов Муса, иштта сайн хилла хьехамча, хьалха министран заместитель хилла волу Муслуев Заур, Яндаров Ваха (тахана Соьлжа-ГIалин №1 йолчу больницин коьртачу лоьран заместитель), иштта Бохарчиев Хьаьжа-Бакар, (тахана санитарни авиацина куьйгалла деш ву иза). Халчу хенахь Ахмадов Мусана улле хIиттина къахьегна нах бу уьш. ЦIе яккхаза шортта буьсу сан, къинтIера довлар доьху цаьрга. Тахана вайн республикехь санна хаза больницаш яц ала яьхьар ю со. Ткъа хIинца тхуна тIехь лоьрийн корматаллин тIегIа, хаарш совдахар ду. Республикин куьйгалло, тхан министерствос лоьрийн барам тIеман шераш дуьйладалале хиллачунна герга кхачийнехь а, оцу лоьрийн корматаллин дикалла ю хIинца тIекхио езаш. Иза а, Дала мукъ лахь, дIанислур долуш хIума ду. Вайчул дика онкологаш, фтизиаторш, педиаторш, терапевташ, кардиологаш хир бац кеста цхьанхьа а. Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан даима а къахьоьгуш а ву оцу кхиаме кхачорехь.
Вайн республикехь, Россехь, дерриге дуьненахь а къахьоьгуш болу медицинин белхахойн хаарш, церан говзалла, хьуьнар совдоккхийла Дала. Дала ял лойла шуна, тхан лараме лоьраш! Вайн бахархошна а синкхетам, собар тоьийла шун дан ма-деззара хама-пусар дан.
Интервью дIаяьхьнарг – ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап
№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо