1) «STIGL» авиакомпани: 1992–1996-чуй шерашкахь лаьттина нохчийн хьалхара авиакомпани.
Граждански авиацин Къилбаседа-Кавказан урхаллин «Соьлжа-ГIалин акционерийн йукъараллин» буха тIехь кхоьллина йу иза.
Хонкара а, Iаьрбийн мехкашка а авиарейсаш хилла авиакомпани.
Ту-134 тайпана 7 кема хила цуьнан долахь: Ту-134А-3 тайпана 5 кема а, Ту-134А тайпана 2 кема а.
Билггал хууш ду царах 5 кема Соьлжа-ГIалахь декъна хилар (хан чекхйаьлча кема доькъуш ду), ткъа 2 кема – 2010-чу шеран хаамашца, аэропорташкахь Iалашдеш хилар: бортан лоьмар RA65855 йолу Ту-134А-3 тайпана кема – Сипсо-ГIалахь (ГIалгIайчоь), бортан лоьмар RA-65039 йолу Ту-134А тайпана кема – Хартумехь (Судан).
2) «ВайнахАвиа» авиакомпани: 1992–1999-чуй шерашкахь лаьттина нохчийн авиакомпани. Иза а хилла Граждански авиацин Къилбаседа-Кавказан урхаллин «Соьлжа-ГIалин акционерийн йукъараллин» буха тIехь кхоьллина.
Ту-134 тайпана 2 кема хилла цо лелош: Ту-134А тайпана хьалхара а, Ту-134А-3 тайпана шолгIаниг а долуш.
Бортан лоьмар RA–65626 йолу Ту-134А (Соьлжа-ГIалахь декъна) шен долара кема хилла ду, ткъа бортан лоьмар RA-65866 йолу Ту-134А-3 (Шарджехь (IЦЭ) декъна) – Iаьрбийн «AzzaAirTransport» авиакомпанера 1993–1996-чуй шерашкахь аренде далийна.
3) «Грозный Авиа» авиакомпани: 2007–2016-чуй шерашкахь лаьттина нохчийн авиакомпани.
Авиапарк Як-42Д тайпанчу 8 кеманах лаьтташ хилла, хIора а кема BRNAV а, TCAS а, EGPWS а, RVSM а системаш йолуш а долуш.
Кеманех Россерчу а, Россел арахьарчу а маршруташкахь пайдаэца бакъо йоллушехь, авиакомпанис болх Россехь бен бина бац…
Пассажираш дIасабигарал сов, цо дIасакхехьна пошташ а, киранаш а.
Авиакомпанин 2 туш хилла: 1) 2007-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIалин аэропортехь; 2) 2014-чу шарахь дуьйна Симферополан аэропортехь (ГIирма).
И.ХАСАХАНОВ
№19, бекарг (март) беттан 12-гӀа де